Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин Федерацин Президентан хьехамча хIотторца декъалвира Эдельгериев Абубакар.
«Иза чIогIа жоьпалле а, хьуьнаре а, похIме а пачхьалкхан гIуллаккхо ву. Нохчийн Республикехь лаккхарчу даржашкахь болх баран доккха зеделларг ду Сайд-Хьусейнан Абубакаран. ТIаьхьарчу ялх шарахь Нохчийчоьнан Правительствона куьйгалла деш вара иза. Цуьнан аьтто белира министрийн кабинетан болх дика вовшахтоха, ерриге а министерствош а, ведомствош а экономика, социальни дакъа, кхиоран вуно даккхий декхарш кхочушдарна, инвестицеш юкъаозорна ир-кара хIотто. Тхуна йоккха сийлалла ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вовшахтоьхна хиллачу командо кхиийна стаг Россин Президентан хьехамча хIоттор», – яздина Кадыров Рамзана шен Телеграм каналехь.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира Россин Президентана шайх тешарна.
«Оха даггара баркалла боху Россин Президентана Путин Владимирна Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин ерриге а командина оццул боккха тешам баларна. Ерриге а команда а, ткъа иштта цуьнан хIора а декъашхо а кийча ву къоман баьччин Владимир Владимировичан муьлхха а тIедиллар кхочушдан, хьалхахIоттийначу декхаран, дIаяха езачу проблемийн чолхаллех а, даржах а доьзна доцуш! Со чIогIа тешна ву Эдельгериев Абубакара Владимир Владимировича шена беллачу боккхачу тешамна ша хьакъ хилар дIагойтург хиларх», – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо иштта Эдельгериев Абубакар декъалвира Россин Президентан хьехамча хIотторца. Цо цунна совгIат дира «Нохчийн Республикин пачхьалкхан службин хьакъволу белхахо» сийлаллин цIе яларца. СовгIат дар дIадаьхьира Нохчийчоьнан Правительствон кхеташонехь. Цигахь дакъалоцуш вара республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, ткъа иштта министрийн кабинетан декъашхой, кхиболу официальни нах.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу некъа тIера дIаса ца таьIаш хьалхахьа дахар бахьана долуш, Нохчийн Республика махкахь уггаре а сиха кхуьуш йолу субъект хилла ца Iаш, махкана оьшуш болу пачхьалкхан гIуллакххой кхиоран пхьалгIа хилла дIахIоьттина хилар.
А.Эдельгериевс даггара баркалла элира Р.Кадыровна цо шен терго ярна а, шен гIолацарна а.
«Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, хьоьца болх бан даима а атта ду. Хьан хьехамца, Iуналлица, Правительствон председателан даржехь а волуш, дикачу школех чекхваьлла со. Ахь гIо лацар бахьанехь, дуккха а хIума Iемина суна. Къаьсттина билгалдаккха лаьа вайн болх, вайн кхиамаш – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъаца дIадахаран жамI хилар. Оцу некъаца хьалхахьа дахаро кхачийна вай а, вайн республика а, халкъ а кхиаре, беркате, зазадаккхаре», – элира цо.
Д.АНАДЕВ
№47, шинара, асаран (июнь) беттан 26-гIа де, 2018 шо