Кху деношкахь Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсийн белхахоша дагалецира шайн белхан декхарш кхочушдеш декъалахилла журналисташ. Нохчийн Республикин къоман политикин арахьарчу з1енийн,, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида а, Нохчийн журналистикийн къаночо Магомаев Салавдис а Соьлжа-Г1аларчу журналистийн скверехь болчу х1олламна хьалха зезагаш дехкира. Цул т1аьхьа Радион ц1ийнан актови залехь даьдаьхьира Нохчийн Республикин, къоман политикин, арахьарчу з1енийн зорбанан, хаамийн министерствос а, Республикин журналистийн союзо а вовшахтоьхна цхьаьнакхетар.
Жамалдаев Шаида билгалдаьккхира, шайн белхан декхарш кхочушдеш декъала хилла журналисташ цкъа а бицбийриг цахилар. Уьш баккъал а мехкан к1ентий бара, – элира цо. «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместителя Дадаев Сайд-Хьасана а, «Гумс» газетан коьртачу редактора Борхаджиев Хож-Баудис а, журналиста Газиева Азас а довха дешнаш элира кхелхинчу шайн белхан накъостех лаьцна.
Цхьаьнакхетаре баьхкинера д1акхелхинчу журналистийн гергарнаш. Царна совг1аташ дира. Цул т1аьхьа лакхахь хьахийначу министерствос билгалбехира «Коррупцина дуьхьа къийсам латторна» ц1е йолчу конкурсан толамхой.
Хьалхара меттиг елира – Юнусова Ровзанна («Вести республики») шолг1анниг Абдулмуслимов Русланан, («Даймохк»), кхоалгIа меттиг – Гальмурзаев Юсупна. («Вести Республики»).
Царна совгIаташ дира Сийлаллин грамоташца.
З.САГАЕВА
Р.Муспиовн суьрташ