Марий Элан бахархоша молуш долу хи санитарин лехамашца 0,5 процентана бен догIуш дац. Иштта хаам бина Роспотребнадзоран «Россин Федерацерчу бахархойн хьелийн 2017-чу шарахь хилла санитарно-эпидемиологикин хьал» цIе йолчу докладехь.

Иштта, молуш долу хи санитарин лехамашца 2 процентана бен ца догIучу могIарехь Башкортостан а, Мурманскан область а, Алтайн а, Ставрополан а крайш а нисъелла.
Амма, кхин «Дала делла хьал» Нохчийчохь а дац – кху чохь, Дагестанехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а, Хакасехь а санна, молуш долу хи санитарин лехамашца 33 процентана бен ца догIу. Цуьнца нийса а догIуш, молучу хих дIовш я лазар ца далийтархьама, оцу субъекташкарчу бахархойн и хи кхехко я туьканашкара эца дезаш нисло.
Роспотребнадзоран докладехь билгалдаьккхина ма-хиллара, молуш долу хи санитарин лехамашца догIуш цахилар биргIанаш шира хиларца а, санитарин гIаролан майданаш цахиларца а доьзна ду, вуьшта аьлча, бахархошна биргIанаш чухула дIахьажош долчу хинан майданаш кхачам боллуш цIена латтош яц. Цундела, биргIанаш чуьра схьаэцначу хица хлороформ а, марганец а, алюмини (наштар) а, аммиак а, иштта, химин кхийолу кхераме элементаш а карайо.
Делахь а, бахархоша молуш долу хи санитарин лехамашца 100 процентана догIуш субъекташ а ю Россехь: Воронежан а, Аштаркхананан а областаш, Алтай Республика, Адыгей, Москва, Санкт-Петербург.
Бахархошна молучу хица кхачояран гIуллакх Россехь хIора а шарахь жим-жимма талуш догIуш делахь а, цхьайолчу субъекташкахь дукхах болчу бахархошна кхочуш дац молуш долу хи, нагахь цара шаьш гIайгIа ца бахь: Вологдан областехь молуш долу хи 45 процент бахархойн дац, ткъа Курганскан а, Костроман а областашкахь – 66–69 процент бахархойн.
Роспотребнадзоран доклад интернета чухула дIасаяьржина цхьа де а далале, Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министерствехь цунна лерина йоккха кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира министерствон а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, кIоштийн а, лерринчу службийн а, иштта, республикин Юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан а векалша.
Кхеташо кIеззигчу хена чохь дIаерзийра – хIора а кхеташ вара дийцаре дийриг чолхе хьал хиларх а, и хийцаран дуьхьа, дукха сихонца белхаш бан безаш хиларх а.
Оццу суьйранна, СоьлжаГIалин мэрехь а хилира кхеташо.
Цигахь хилла барт я кхеташонан жамIаш девзаш дац, амма республикин пачхьенехь оццу суьйранна, бахархошна молучу хица кхачояран аьчкан биргIанаш хийцаран а, цIинъяран а декъехь белхаш дIа-м болийра.
И.АДАМОВ
№47, шинара, асаран (июнь) беттан 26-гIа де, 2018 шо