Республикин пачхьенан мэрис, соьлжагIалахойн хьашташка мелла а сиха хьажаран Iалашонца, нохчашлахь уггаре а гIараяьллачу WhatsApp-хь социальни сета чохь леррина тоба кхоьллина. Оцу мессенджера чуьрчу тобанна Iуналла деш а, цу чохь болх беш а хир бу гIалин мэрин жоьпаллин белхахой.
Цу хьокъехь хаам бина Mylistory социальни сета чуьрчу шен агIонехь Хучиев Муслима.
Цо дийцарехь, соьлжагIалахойн аьтто хир бу республикин пачхьенан муьлххачу а органо я организацис бинчу я ца бинчу белхан хьокъехь шайна ца тайначух лаьцна хаам бан а, дог-ойла йовзийта а.
Бинчу хаамца нийса а догIуш, латкъамхочо йитинчу телефонан номерца, кхачамбацар дIадаккхаран Iалашонца, цуьнца зIене бевр бу мэрин я латкъам бинчу декъехь болх бечу мерин доларчу организацин говзанчаш.
Мэрис WhatsApp-хь кхоьллинчу тобанна тIеязвала лаам болчарна номер а, адрес а довзийтина пачхьенан мэра: +7(999)398-97-73, https://goo.gl/vc3zwz.
Кхузахь билгалдаккха догIу оццу тайпа тоба, оццу социальни сета чохь Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан префектурас а кхоьллина хилар – церан тоба +7(938)999-91-09 номерца ю.
Цул сов, Mylistory социальни сета чохь Соьлжа-ГIалин мэран агIо (khuchev_mm) тIехь а таро ю соьлжагIалахойн шайн хетарг я луург яздан.
И.ХАСАХАНОВ
№47, шинара, асаран (июнь) беттан 26-гIа де, 2018 шо