Радион цIийнехь – кегийрхойн форум

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIаяьхьира «Кегийрхой – законехьа а, къепехьа а» цIе йолу регионашна юкъара кегийрхойн форум.

Форумехь хилира пачхьалкхан Iедалан органийн а, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу республикийн юкъараллин организацийн а, Кегийрхойн парламентан а, Нохчийн Республикерчу кегийрхойн организацийн а векалш.

Форумехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан директоран заместитель Могаев Мохьмад а, Дагестан Республикин къоман политикин министерствон граждански юкъараллин институташца болх дIабахьарехула йолчу отделан коьрта говзанча-эксперт Абдулгапурова Эльмира а, Кхарачой-Чергазийн Республикин «Поколение» цIе йолчу юкъараллин организацин куьйгалхо Алиев АзретIела а, Къилбаседа ХIирийчоьнан къоман политикин министерствон хаамашца кхачояран отделан говзанча-эксперт Темирова Альбина а, Къилбаседа ХIирийчоьнан «Родина» цIе йолчу патриотийн клубан куьйгалхо Карданов Тимур а, ГIалгIайн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон бакъонийн отделан говзанча Гандаров Ислам а.

Элембаев Iалихана шен къамелехь, хьешашка маршалла а хаьттина, билгалдаьккхира, и форум дIаяхьаро кегийрхошна юкъахь патриотизм кхиорехь а, царна шайн къоман гIиллакхаш а, мехаллаш а йовзийтарехь а гIо деш хилар.

Абдулгапурова Эльмирас билгалдаьккхира Дагестан Республикехь болх беш яккхийчех цхьаъ йолу «Куначество» цIе а йолуш проект хилар.

Проект кхочушъеш ю меттигехь урхалла даран органаша а, республикин дешаран учрежденеша а. Иза тIехьажийна ю тайптайпанчу къаьмнийн а, динийн а векалша вовшашца зIенаш тийсарна а, юкъаметтигаш тоярна а. Проекта юкъахь бераш а, кхиазхой а бу. Церан довза таро ю шайн республикехь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн гIиллакхаш а, культура а. ТIейогIучу хенахь «Куначество» проект луларчу республикашца цхьаьна кхочушъян дагахь ду тхо, – дийцира Э.Абдулгапуровас.

Темирова Альбинас дийцарехь, оцу тайпанчу гIуллакхаша халкъ цхьаьнатохарехь гIо до.

Со тешна ю, ишттачу форумаша кегийрхой жигарабовларна а, къаьмнийн юкъаметтигаш тоярна а кхидIа а гIо дийриг хиларх, – элира А.Темировас.

Форуман берриге а дакъалацархоша билгалдаьккхира и тайпа гIуллакхаш дIадахьар маьIне а, мехала а хилар. Регионашна юкъара проекташ тIейогIучу ханна а кхидIа а цхьаьна кхочушъян барт хилира церан.

Хьешашна лерина экскурси йира республикин евзаш йолчу меттигашкахула.

I.МУРТАЗОВ

№47, шинара, асаран (июнь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: