ГIарабевлла блогерш – вайн республикехь

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина блог-тур дIаяьхьира Нохчийчохь. Цуьнца доьзна вайн махка баьхкинера Россехь гIарабевлла бевзаш болу блогерш Гасанханов Гусейнхан, Запиров Хизри, Карапетян Лусик, дуккха а кхиберш.

И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос Россин хаамийн «ТАСС» агентствоца цхьаьна.

Асаран (июнь) беттан 24-чу дийнахь Нохчийчу схьаькхаьчначу блогершна аэропорте дуьхьал бахнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лоьма а, оцу министерствон кхиболу векалш а.

Блогерша вайн махка шаьш схьакхачарца иза таллар бен кхин Iалашо ца хIоттайора шайна хьалха.

Со дуьххьара ву Нохчийчохь. ХIокху сийллалин меттигашка бIаьрг тоха а, культура йовза а лаьа суна, и дерриге а сайн социальни агIонашкахь нахана дIагайта а лаьа, – дийцира блогера Насадкин Алексейс.

Нохчийчохь кхаа дийнахь дIаяхьначу блог-турехь вайн мехкан гIаревллачу сийлаллин меттигашкахула чекхбовла кхиира уьш.

Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, Устрада-ГIаларчу Кадырова Айманин цIарахчу «Ненан дог» маьждигехь а хилира уьш уггаре а хьалха, цул тIаьхьа Коьзан Iома тIехь а, лаьмнашкарчу Хой юьртахь а, «Шира-КIотар» этнографин музейхь а, Нихалойн чухчарешкахь а, кхелхинчеран «ЦIойн-Пхьеда» гIалахь а, иштта кхечу меттигашкахь а хилира блогерш.

Шаьш оцу сийлаллин меттигашкахула лелаш лаьтташехь, шайн блогаш чохь а, социальни агIонашкахь а шаьш лела некъаш довзуьйтуш, царах лаьцна шайн девзинарг дуьйцуш болх дIабаьхьира цара. Вайн мехкан хазалла тамехьчу дешнашца билгал а йоккхура цара шайн агIонашкахь.

ШолгIачу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира блог-туран дакъалацархошца. Иштта хаам бира регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Mylistory социальни сетерчу шен агIонехь: «Нохчийчохь схьагулбелла бу дерриге а дуьненахь нахана дика бевзаш болу блогерш. Москвара а, Россин кхечу субъекташкара а бу блог-туран дакъалацархой. Шайн бIаьргашца вайн мохк ган а, вайн Iер-дахар муха ду хаа лууш а, иштта вай довза а баьхкина бу уьш. ХIокху кхаа дийнахь Нохчийчуьрчу ерриге а сийлаллин меттигашкахь хилла уьш. Тхан цхьаьнакхетарехь дуккха а хаттарш дира цара соьга. Вовшех Iаламат чIогIа самукъа а делира тхан. Дика доттагIий а хилла дIасакъаьстира тхо. Юха а цхьаьнакхета барт а бира оха».

Нохчийн Республикехула дIаяьхьначу блог-туран программа чекхйолуш (хIокху шеран асаран (июнь) беттан 27-чу дийнахь), Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу блог-туран дакъалацархой, республикин бахархошна хилла а ца Iаш, туристашна а цхьаьна марзъеллачу «Париж» кондитерски чохь хилира.

Цигахь цаьрца цхьаьна вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Израилов Руслан а, оццу министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директор Хаджимурадов Iийса а.

Стоьла гонаха гулбелла, Нохчийчу кхачарх шайн хилла битамаш буьйцуш, самукъане хан яьккхира хьешаша. ВидеозIе а латийна, церан Iодика а еш, Нохчийн Республике бахкарна царна баркалла а олуш, вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

Цхьаьнакхетар дерзош, безамна совгIаташ делира блогершна.

Хь.БАХТАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: