Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош ю аьлла, Европин Советан Парламентийн Ассамблейс йовзийтина доклад «Россехь долчу хьолаца йогIуш» а, «бух болуш» а цахилар билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Европин Советан Парламентийн Ассамблейс Нохчийчоьнан хьокъехь йолу рогIера доклад йовзийтина. Республикехь адамийн бакъонаш талхош хиларан хьокъехь мел долу эладита схьа а гулдина, царах вовшахтоьхна ю и. Цхьаболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша нохчашлахь хилла а, бан а, хир а боцучу цхьанна наханна тIехь таIзар латтадо аьлла, хаамаш баржийначул тIаьхьа хIоттийна ю доклад. Амма бакъду, Россехь долчу хьолаца йогIуш-м яц и! Россин мостагIаша баржош болу и харц хаамаш талларан Iалашонца Нохчийчу ПАСЕ-н а, Европин Советан а цхьа а векал веана цахилар а, ПАСЕ-рчу хьаькамех цхьа а оцу темин хьокъехь тхоьца зIене ваьлла я официальни кехат даийтина цахилар а дIакхайкхадо ас», – яздина республикин Куьйгалхочо.
Цо дагадаийтина ПАСЕ юкъа 47 пачхьалкх йоьдуш хилар, шайна юкъахь Росси а йолуш. Цул сов, Росси – ПАСЕ-н болх дIабахийтарна ахчанан уггаре а доккха дакъа лучу пачхьалкхех цхьаъ ю. Цуьнца нийса а догIуш, ПАСЕ Россера ахча схьаоьцуш ю, ткъа ладогIа – лууш яц.
«Европин Советан коьртачу секретара Ягланд Турбьерна, Парламентийн Ассамблейхь шен хиллачу къамелехь билгалдаьккхина Россис карарчу ханна догIу ахча ца лахь, оцу организацин цхьаболу белхахой цIахь совцо а, масех программа дIакъовла а езарг хилар. Амма со тешна ву Россин Федераци сийсазъяккхаран, бехъяран агIо, хийцам а боцуш, кхидIа а лаьттарг хиларх», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Иштта, цо шеконе диллина «демократи дIатесна ца Iаш, адамийн бакъонаш талхийна хиларна кхачам боллуш таллам бан ца лууш болу Европин хьаькамаш кхабаран» гIуллакх а. Цунна хетарехь, «вайн мехкан бахархойн бакъонаш Iалашъян йиш а йоццушехь, юх-юха а ахчанаш далар бух боцуш а, эхье а» ду.
Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, «Россина дуьхьал санкцеш кхайкхорца, ПАСЕ-с а, Европин Совето а талхайо хIора а россихочун бакъонаш».
«ДуьххьалдIа долу къамел дан даима а кийча хилла вай, амма и къамел доцуш ду – цуьнан меттана Европерчу демократица доьзна «йохк-эцарш» хаало. И къамел цкъа мацах а хила дезаш ду. Иза иштта хилийтаран Iалашонца, ПАСЕ-хь болчу Россин векалша къахьоьгуш а ду. Теша лаьа ПАСЕ-н керлачу куьйгалхочо Лилиан Мори Паскьес Россига ладоьгIна ца Iаш, Россин а, ПАСЕ-н юкъарчу кхийолчу пачхьалкхийн а юкъаметтигаш керлачу тIегIане йохург хиларх», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
И.ИСЛАМОВ
№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо