Нохчийн Республике, цуьнан туристийн потенциал йовзаран Iалашонца, богIур бу Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара туроператорш. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетехь.
– 2018-чу шеран хьаьттан (август) беттан 10-15-чуй деношкахь, рекламин туран гурашкахь, Нохчийн Республике богIур бу Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара туроператорш. Республикин туристийн потенциал йовзийтарал сов, хьешашна иштта гойтур ю культурин программа а. Туран чаккхенехь шина а агIонна пайде а, дуккха а ханна болчу барташна куьйгаш яздийр ду. Цо аьтто бийр бу оцу пачхьалкхера туристаш Нохчийн Республике бахкар дIадолорехь, – дийцира Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан Туризм кхиоран отделан хьаькаман декхарш кхочушдеш йолчу Дадаева Яхас.
Дагадоуьйту, хIокху шеран оханан (апрель) баттахь Нохчийн Республико дуьххьара шен туристийн потенциал йовзийтира Дубайхь Arabian Travel Market 2018 цIе йолчу дуьнанаюкъарчу Iаьрбийн гайтамехь.
Оцу мероприятехь барт хилира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара туроператорш Нохчийн Республике богIург хиларан хьокъехь.
I.ТЕРЛОЕВ
№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо