Кхиаме студентка

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан педагогикин, психологин, дефектологин институтан школал хьалхара дешар ингалсан маттаца цхьаьна Iаморан отделенин 3-чу курсан студентка, Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламентан депутат, социальноэкономикин политикехула йолчу комитетан председатель ю Магомедова Аида. Поэзехь ша зуьйш а ю.

А.Магомедова, Шелковски кIоштан Яна-Кхаьлларчу (Гребенская) юккъерчу юкъарадешаран школехь 9 класс чекх а яьккхина, 2010-чу шарахь Санкт-Петербурган промышленно-экономикин колледжан ГIизлар гIалахь йолчу филиале деша хIоьттира.

Цигахь доьшуш йолуш Аидина тIедуьллура кегийрхойн тайп-тайпана мероприятеш дIаяхьар. Оцу гIуллакхца дика лара а йора иза.

Колледж чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 2015-чу шарахь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан педагогикин, психологин, дефектологин институтан школал хьалхара дешар ингалсан маттаца цхьаьна Iаморан отделени деша яхара иза. Цо ша ма-аллара, «шегара юкъараллина пайда бер болу говзалла караерзо лаам болуш».

Берийн бошмашкахь долчу хенахь дешарехь тIаьхьадисина бераш хьалхарчу классе даха кечдеш, институтехь Iилманандешаран «Эврика» туш ю. Цигахь практика йо Аидас.

Оцу гIуллакхо дикачу агIор тIеIаткъам бо йоIана. Дешарца дика ларийна ца Iаш, вовшахтохараллин болх а дика карабирзина цунна. Институтехь долчу сийлаллин у тIехь тоьллачу студенташна юкъахь ду цуьнан сурт.

А.Магомедовас дакъалаьцна Ерригроссин кегийрхойн форумашкахь а, Дуьненаюкъарчу конференцешкахь а. Царах ю Кегийрхойн региональни «Терк-Йист» фестиваль, 2016-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь дIаяьхьна Ерригроссин «Хиндолчун хьехархо» форум, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь дIаяьхьна «Iилманехьа гIулч» а, вузашна юкъахь (2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь) лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь дIаяьхьна хIорашеран Студентийн Iилманан-практикин «Хьехархочо къам кхиадо» а конференцеш.

ХIокху шеран чиллин (февраль) беттан 14–16-чуй деношкахь Москвахь дIаяьхьначу Ерригроссин «Кхетош-кхиорхо» («Наставник») форумехь, 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 17–19-чуй деношкахь Волгоградехь хиллачу II-чу Дуьненаюкъарчу студентийн «Кхетош-кхиоран стратеги: Iадаташ а, инновацеш а» форумехь «Нуьцкъала проект» номинацехь II-чу даржан диплом делира цунна, «Мастер-класс» номинацехь – дакъалацархочун сертификат.

«BOCKWORM – 2017» хIорашеран литературин викторинехь 1-ра меттиг яьккхина цо.

«Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан проектийн школийн «Кегийрхошна юкъахь экстремизмана а, терроризмана а профилактика яр» студентийн семинар-практикум дIаяхьар вовшахтохархойх цхьаъ ю иза. Цигахь а, Iилманан-практикин «Хьехархочо къам кхиадо» II-чу дуьненаюкъарчу конференцехь а дакъалацархочун сертификаташ делла цунна.

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан педагогикин, психологин, дефектологин институтан директора Алиева Сацитас дийцарехь, институтан дозалла а, юьхькIам а хилла лаьттачу студентех цхьаъ ю Магомедова Аида.

«Йистхилар хаза долуш а, дика амал йолуш а, шатайпа йоI ю Аида. Дас-нанас кхетош-кхиоран болх дика биний гуш. Цуьнгара доккха гIо-накъосталла хуьлу тхуна. Дешарца дика ларош хиларал сов, цо дакъалоцу тайп-тайпанчу форумашкахь, конференцешкахь, конкурсашкахь. Ша дIаяхийтинчуьра, даима а, тхуна юьхькIам бохьуш схьа а йогIу иза», – бохура декана.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрта тIехь: Магомедова Аида

№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: