Дийцаре дира республикин экономика кхиоран гIуллакхаш

ХIокху деношкахь Москва гIалахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу Федеральни министра Чеботарев Сергейс а, Нохчийн Республикин Правительствон председатела Хучиев Муслима а (М.Хучиев оцу дарже хIоттийра асаран (июнь) беттан 25-чу дийнахь).

Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу Федеральни министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес.

Цигахь шина агIоно дийцаре дира Нохчийн Республика социальни-экономикин кхиоран гIуллакхаш. Цунах лаьцна хаам бина Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствехь.

Пачхьалкхан программин гурашкахь Нохчийн Республикехь кхочушъеш ю хьалхе йолу йиъ инвестицийн проект: детташ долчу 1 200 даьхнашна леринчу шуран кластеран шолгIа гийзаг яр, 4 эзар тонна чухоьуш йолу хасстоьмаш Iалашбойла, пищекомбинат, иштта, дIахьош бу 300 гектар майданахь синтарш догIаран белхаш (хи дилларан капельни система а йолуш).

И инвестицийн проекташ кхочушъярна лерина 2018-чу шарахь федеральни бюджетера дала билгалдина 400 миллион соьман барамехь ахча ду.

Кхеташонан дакъалацархоша иштта йийцаре йира республикин ягорган-энергетикин комплексан декъехь йолу проблемаш а, кхаа сменехь долу дешар дIадаккхар а, юкъарадешаран керла учрежденеш яр а.

Цул сов, цхьаьнакхетарехь дийцаре дира хIокху шарахь СоьлжаГIалин 200 шо кхачар даздарна кечамбаран а, товбецан (сентябрь) баттахь Нохчийн Республикин пачхьенехь дIахьур йолчу Кавказан халкъийн культурин а, спортан а фестиваль дIаяхьаран а гIуллакхаш.

I.МУРТАЗОВ

№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: