Ветеранаш декъалбира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалбира тайп-тайпанчу тIеман конфликтийн ветеранаш ТIеман хиламийн ветеранийн денца. Цунах лаьцна цо яздина ВКонтакте социальни сета чуьрчу шен агIонехь.

«Тахана Россехь даздо тIеман хиламийн ветеранийн де. И де официальни тIеэцна дацахь а, тIемийн а, контртеррористически а, лерринчу а операцийн эзарнашкахь болу дакъалацархой хьакъ бу шаьш юкъаралло дагалаца», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, Россин гIаролехь даима а лаьттина цунна тешаме а, цуьнан дуьхьа шайн синош дIадала кийча болу а кIентий.

«Дуьненаюкъарчу терроризмо Нохчийн Республикина а, цуьнан халкъашна а, Россин цхьааллина а дуьхьал дIабаьхьначу тIамо мехкан а, халкъан а дуьхьа эгначу вайн вежарийн а, йижарийн а магIарш кхидIа а дахдина. Царна юкъахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин эзарнашкахь болу бIаьнакъостий а бу. Церан доьзалшна терго ярехь а, церан хьашташ кхочушдарехь а къахьоьгу вай тахана. Даима а хилла шайн Даймехкан дуьхьа синош дIадала кийча а болуш, цуьнан гIаролехь лаьтташ болу майра кIентий а, йоIарий а. Тахана Россин миллионашкахь бу уьш! Мел волу ветеран могаш-маьрша а волуш, ирсе вахар лаьа суна!», – яздина Декъалдаран кехата тIехь.

И.АЛИЕВ

№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: