Къаьмнийн юкъаметтигийн юкъараллин-консультативни советан кхеташо

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Къаьмнийн юкъаметтигийн юкъараллин-консультативни совето къаьмнийн юкъаметтигашна лерина кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Iаднан, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан, оццу министерствон Къоман политикин департаментан директор Мунаев Сурхо, Къоман политикин департаментан граждански юкъараллица юкъаметтигаш латторан отделан хьаькам Митрошкин Вадим, Новр-ГIаларчу килсан иеромонах Марченко Амвросий, иштта, Нохчийн Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, прокуратурин а, культурин туьшийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш, кхиберш.

Кхеташонехь, коьртачу декъана, дийцаре дира къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъяран гIуллакхаш а, дуккха а къаьмнаш, тайп-тайпана динан векалш бехачу Россехь барт хилийтарехь къахьега дезарх а, иштта, оцу декъехь, къаьсттина тIекхуьу чкъор, кхетош-кхиоран гIуллакхаш дIадахьа дезаш хиларх а.

Кхеташо дIахьош хиллачу I.Элембаевс шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийчохь дехачу къаьмнашна юкъара машар а, барт а ларбар уггаре а ладаме дерг хилар.

Вайн республикехь 15 муниципальни кIошт ю, вайна ма-хаъара, оцу хIора кIоштахь а тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш а бу бехаш. Цундела, нийса хир ду хIора кIоштахь а Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу юкъараллин-консультативни советан цхьацца векал хIоттийча. Цара шайн кIоштахь долу хьал тергонехь а латтор ду, вайна довзуьйтур а ду, – хьахийра цо.

Иштта, кхеташонан гурашкахь дийцаре дира тIейогIучу ханна цхьадолчу къаьмнийн къаьсттина терго ян езаш хиларх а, церан хьашташ кхоччучу барамехь кхочушдан дезаш хиларх а лаьцна.

Юкъараллин-консультативни советан декъашхоша барт бира тIейогIучу хенахь ен йолу советан белхан кхеташонаш рогI-роггIана кIошташкахь дIаяхьа, цигарчу кIоштан куьйгалхоша а, цигахь дехачу къаьмнийн векалша а дакъа а лоцуш.

РогIера кхеташо Шелковски кIоштахь хир ю аьлла, билгал а даьккхира цара.

Хь.АВХАДОВА

№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: