Тхан баркаллин доза дац

Тхан баркаллин доза дац бохуш, чIагIдо ТIемийн ветеранийн республикин клиникин госпиталан дархоша.

Ахкаргашкахь тIулг меттахбаьлла, лазарша гатвина, дегI нисдан ницкъ боцуш, дукха халчу хьолехь валийра со кхуза. Госпитале со кхаьчча, суьйренан хан яра аьлла доцуш, суна орцахваьллачу урологин отделенин заведующис Магамадов Эдика (Iийсас), оьшу говзанчаш схьа а кхайкхина, царах дага а ваьлла, оцу буссехь хила богIу талламаш а байтина, операцина кечвира, шолгIачу дийнахь кхиамца и чекх а елира. ХIинца, со хIокху госпитале кхачарна Далла хастам бина ца волуш а, кхузарчу лоьрашна, сайн даго ма хьоьхху, баркалла ала дош ца карош а висна-кха со. Сан дуста йиш ю: дукха хан йоццуш хIара тайппа операци тхан цхьана гергарчу стагана Москвахь йинера. Бакъдерг ду-кха хьуна со цул дуккха а гIолехь ву, – дуьйцу Шовхал-Берд юьртан вахархочо Джабраилов ХIарона.

Иштта даггара дара Хоси-Юьртарчу Байсултанов Ризвана дуьйцург а: – ХIарон а санна, дукха халчу хьолехь валийнера со а хIокху госпитале, тахана, хьуна ма-гарра, хаза гIоли а хилла, цIа ваха кечлуш ву. Лоьрашна ала хIума дац, баркалла доцург. Шайн болх бевзаш, и безаш, шайн белхан говзанчаш хиларал сов, хIокху отделенин (урологин) берриге а лоьраш, лор-йижарий къаьсташ бу дархошца кIеда-мерза, гIиллакхе хиларца. Цхьа а хIума ахь баха ца оьшуш, дагадаийта ца оьшуш, дуьззина кхочушдо цара дархойн хьашташ (маха тоха безахь а, капельница хIотто езахь а, кхин а, кхин а). Ас даггара боху: «Дела реза хуьлда кхарна!

Цу шимма дуьйцучунна резахиларца тIетов Нойбоьрара Темирсултанов Рамзан а.

Кхузара лоьраш, хьелаш девзинчул тIаьхьа, цхьана а сайна вевза-везачуьнга кхечу шахьаршкахь молха дарба лоьхуьйтур дацара ас, – дуьйцура Рамзана. – Лоьраш говза а бу, коьртаниг, адамалла йолуш бу. Дика ду дархошна кхоьллина хьелаш а: цхьацца-шишша стаг бен воцуш палаташ ю, хIора палати чохь ламаз карладаккха а, дегIах хи кхарза а меттигаш ю, массанхьа а цIена ю, дархошна садаIа кечйина меттигаш ю. ДIахьаьж-хьаьжинчохь цхьа шатайпа аьхналла, хьайх доглазар хаало. Оцу дерригено а дика Iаткъам бо цомгашчарна молха-дарба хиларехь.

Тхоьца къамелаш хиллачара цIерш йохура шайна баркалла ала луучу лоьрийн, лор-йижарийн: госпиталан коьрта лор Дудаев Рамзан, урологин отделенин заведующи Магамадов Эдик (Iийса), оццу отделенин лоьраш – Магамадов Асхьаб, Дудаев Амирхан, Эдельгериев Турпал; лорйижарий – Индербиева Фатима, Межидова Нуржан, Агаева Майса. Иштта кхиберш а.

Царах цхьаьнца – Магамадов Эдикца – къамел дойла нисделира тхан.

2001-чу шарахь цIечу дипломаца Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультет чекхъяьккхина ву Эдик. Юккъехула аьлча, дашо мидалца чекхъяьккхинера цо Гуьмсан кIоштара Нойбоьрара юккъера школа а.

2005-чу шарахь дуьйна таханлера де кхаччалц республикин медицинин учрежденех тоьллачех цхьаъ йолчу ТIемийн ветеранийн госпиталехь отделенин заведующи ву иза. Къона хилла Э.Магамадов оцу дарже хIоттош, амма университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа дIадевллачу кIеззигчу шерашкахь иза ларийра Гуьмсан кIоштан больницехь интернатура чекхъяккха а, цхьана шарахь гергга Москварчу И.В.Боткинан цIарахчу больницехь болх бан а, хIинца ша волчу госпиталехь лоьран-ординаторан даржехь къахьега а.

Тахана медицинин Iилманийн кандидат волу Магомадов Эдик республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а дика вевзаш уролог-андролог ву.

Шен белхан декхаршца иза дика ларош хиларна тоьшалла до цунна «Нохчийн Республикин хьакъволу лор» сийлаллин цIе елла хиларо а, кхин иттанаш совгIаташа а. Царна юкъахь ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон Председателан а Сийлаллин грамоташ, Н.И.Пироговн а, Гиппократан а орденш, «Халкъо къобалвина лор» («Врач народного признания») конкурсан толамхочун диплом, МогашаллаIалашъяран министерствон Сийлаллин грамоташ, иштта кхин дуккха а.

Лакхахь цIерш яьхначу дархоша тхаьшна дийцинарг шега довзийтича, Эдика элира: – Бакъдерг аьлча, молха-дарбане сатесна госпитале кхаьчнарг, тхаьш лелийначу бахьанех гIоли а хилла (и бахьанаш лелор ду вайгахь дерг, гIоли яр Делехь ду), баркаллаш бохуш, дIавоьдуш тхуна хаза а ма хета, делахь а, тхаьш декхар дерг ду оха дийриг. Баркаллаш вай, уггаре а хьалха, республикин куьйгаллина баха деза, вайн бахархошна молха-дарба лело хIара меттигаш нисйинчу. Белхан гIуллакхашца доьзна, кхечу шахьаршкахь хилар нисло, цигара белхан хьелаш девза, ас лоьран тоьшалла до-кх хьуна, цкъацкъа кхечанхьа дIасавига везаш меттигаш нислахь а, дукхахйолчу цамгаршна дарбалелор вайн республикин медицинин учрежденешкахь кхечанхьачул цуьрриг а оьшуш дац аьлла…

Тхан шайца къамелаш хиллачу дархоша дийцинчара а, гинчу суьрто а иштта хиларх тешавора.

Хь.АБАЕВ

№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: