Пенсин системехь Россин пачхьалкхаллин исторехь а уггаре а бакхий болу хийцамаш баран хьокъехь бутт хьалха сацам хилла Россин Правительствон.

Оцу хийцамашца нийса а догIуш, Россин бахархой пенсе бахаран хан тIетоха лерина. Ишттачу «хийцамашна» хиллане а реза ца хилла болу россихой цхьайолчу гIаланашкахь митингаш ян а буьйлабелира.
Бан лерина хийцамаш бевзаш цахилар лору цхьаболчара россихой оцу реформина дуьхьал хилар.
– Реза боцурш даима а хир бу. Бахархошца къийса а ца луш, царна Iиттарш а ца еш, тайп-тайпанчу тIегIанашкарчу хьаькамаша дийца а, довзийта а деза царна пенсин системехь бан леринчу хийцамех лаьцна, – аьлла, дог-ойла йолуш ву политолог Малых Дмитрий.
Правительствос оцу хийцамийн хьокъехь бинчу хаамца нийса а догIуш, 2028-чу шарахь россихой-божарий пенсе шайн 65 шо кхаьчча а, 2034-чу шарахь россихой-зударий шайн 63 шо кхаьчча а гIур бу.
Гуш ма-хиллара, и хийцамаш 15 шара чохь бан лерина бу.
Муьлххачу пачхьалкхехь а санна, Россехь а бу оцу балхана реза боцурш хаалуш. Царах дукхах болчара хоьттург цхьаъ ду – 45 шо кхаьчча лаха хала болу болх 60 шарал а тIехьа муха карор бу?.. Цул сов, технологийн декъехь кхуьуш йогIучу проедприятешкахь кеста белхалойн метана роботаш хIиттор ю. Иштта, шайн гIуллакх дIакхоьхьучу совдегарша а балха кегийрхой аттах оьцу, царна белхан корматалла атта караерзарца доьзна.
Кхузаманахьлерчу кхиаран институтехь хьехамча волчу Масленников Никитина хетарехь, цхьайолчу говзаллашка болу хьежам хийца а, керла говзаллаш схьаеллар а ду оьшуш.
Амма, еккъа цхьаьна пенсин системехь хийцамаш барх тоам хир болчух тера а дац, хIунда аьлча, цуьнца цхьаьна, говзалла хийцарна лерина курсаш а, дешар а дIадолор а догIу – тIаккха бен хир бац баккхийчарах кегийрхошна «конкуренташ».
Кхузахь билгалдаккха догIу Малых Дмитрийна хетарехь, бахархой пенсе бахаран хан тIетохар мехкан экономикина оьшуш яьккхина гIулч хилар. Иза тешна ву и гIулч экономикина хьалха лаьттачу таханлерчу лехамашца йогIуш хиларх а, иштта, и гIулч яккхарехь бахархошца кхетош-кхиоран белхаш а дIабахьар а, хийцамашна лерина 15 шо хан а ларъяр а коьрта хиларх.
И.АДАМОВ