Законопроект кечйина

«Пенсеш хIитторан а, уьш дIадаларан а гIуллакхашкахула долчу Россин Федерацин законодательни цхьацца долчу акташна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь» федеральни законан проект тIеэцна Россин Федерацин Правительствос асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь. Иза кечйина РФ-н къинхьегаман а, социальни ларбаран а Министерствос.

Законопроект тIехьажийна ю къанваларна страховой пенси хIоттон долу хан муьрашка екъна лакхаяккхарна.

Законопроекто билгалдо хьокъала ма-дду божаршна а, зударшна а пенсе бахаран хан 65 а, 63 а шераш чIагIдар. Карарчу хенахь пенсе ваха бакъо луш йолу хан божаршна 60 шо а, зударшна 55 шо а ю. Пенсе вахаран хан хийцар билгалдеш ду 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Хийцамаш ца хьакхало хIинцалерчу пенсионерех – Россин Пенсионни  фондехь пенсеш оьцуш болчарах. Хьалха а санна царна дIалур ду пенсеш, уьш далийта а, гIоленаш яйта а йолчу бакъонаца нийса а догIуш, пенсехь болчарна дала догIуш долу пенсийн а, социальни ахчанаш. Цул сов пенсе воьду хан лаккхаяккхаро таро хуьлуьйтур ю белхаш беш боцучу пенсионерийн пенсийн барамаш алсамбаха – «2024-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь Россин Федераци кхиоран къоман Iалашонийн а, коьртачу декхарийн а хьокъехь» долчу Россин Федерацин Президентан 2018-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахьлерчу Указаца нийса а догIуш, инфляцел лакхайолуш пенсешна индексаци ян. Пенсе воьду хан лакхара яккхаро таро хуьлуьйтур ю белхаш беш боцучу пенсионерийн пенсийн барам шарахь  эзар соьмана гергга алсамбаккха. ТIаьххьарчу кхаа шарахь пенсеш юккъерчу барамехь 400–500 соьмана тIекхетар а. Иштта, 2016-чу шарахь пенсеш алсамдевлира 399 соьмана, 2017-чу шарахь – 524 соьмана, 2018-чу шарахь – 481 соьмана.

Цхьанаэшшара дIагIур ду пенсе воьду хан алсамъялар – бехха мур билгалбо оцу гIуллакхана – божаршна 2019-чу шарера дуьйна 2034-гIа шо чекхдаллалц, зударшна 2019-чу шарера дуьйна 2034-гIа шо чекхдаллалц. Оцу кепара пенсе вахаран хан алсамъяккхаран муьро чулоцу божаршна 10 шо, зударшна 16 шо.

Хьалхарчу муьрехь стаг къинхьегамна хьуьнаре хиларан хан алсамъяккхар хьакхалур ду 1959-чу шарахь бинчу божарех а, 1964-чу шарахь бинчу зударех а. Ишттачу хьолаца нийса а догIуш, оцу шерашкахь бинчу гражданашна пенсе баха бакъо лур ю 2020-чу шарахь – 61 шо а, 56 шо а кхаьчча.

Билгалбеш бу хIара муьраш:

1959-чу шарахь бинчу божаршна а, 1964-чу шарахь бинчу зударшна а пенсе баха бакъо ло 2020-чу шарахь – 61 шо а, 56 шо а кхаьчча.

1960-чу шарахь бинчу божаршна а, 1965-чу шарахь бинчу зударшна а пенсе баха бакъо лур ю 2022-чу шарахь – 62 шо а, 57 шо а кхаьчча.

1961-чу шарахь бинчу божаршна а, 1966-чу шарахь бинчу зударшна а пенсе баха бакъо лур ю 2024-чу шарахь шайн 63 шо а, 58 шо а кхаьчча.

1962-чу шарахь бинчу божаршна а, 1967-чу шарахь бинчу зударшна а пенсе баха бакъо лур ю 2026-чу шарахь – 64 шо а, 59 шо а кхаьчча.

1963-чу шарахь бинчу божаршна а, 1968-чу шарахь бинчу зударшна а пенсе баха бакъо лур ю 2028-чу шарахь – 65 шо а, 60 шо а кхаьчча.

1969-чу шарахь бинчу зударшна пенсе баха бакъо лур ю 2030-чу шарахь шайн 61 шо кхаьчча.

1970-чу шарахь бинчу зударшна пенсе баха бакъо лур ю 2032-чу шарахь шайн 62 шо кхаьчча.

1971-чу шарахь бинчу зударшна пенсе баха бакъо лур ю 2034-чу шарахь шайн 63 шо кхаьчча.

Зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: