ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира «Синмаршо» цIе йолчу къоначу яздархойн цхьаьнакхетараллин декъашхоша. Иза лерина дара асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь «Бераллера цIа» цIе а йолуш, зорбане яьлла къоначу яздархойн прозин керла юкъара гулар йийцаре ярна.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара нохчийн бевзаш болу а, кхуьуш богIу а, къона а яздархой Халикова Асет, Тапалаева Аминат, Багаев Акраман, Халимова Фаиза, Банжаев Аьрзу, Исраилова Луиза, Хизриев Адам, Виситаева Тумани, Умарова Асет, Салаханов Адам, Арсалиева Люба, Петирова ПетIамат, Халикова Мадина, Мунаев Илес, Бетигова Марем, Хадаева Хеда, Азиева Малика, Мазаева Аза.
Къоначу яздархошна лерина мастер-класс дIаяьхьира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас.
Массо а реза волуш, дика кечйина ю книга. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь долу къоначу 23 яздархочун дийцарш ду цу тIехь: нохчийн маттахь – Л.Арсалиеван, Аь.Банжаевн, А.Багаевн, Т.Виситаеван, Хь.Джамурзаеван, Л.Исраилован, I.Махмудовн, I.Мурадовн, П.Петирован, В.Расумовн, А.Тапалаеван, А.Халикован, оьрсийн маттахь – А.Салахановн, А.Умарован, Ф.Халимован. Рецензенташа лакхара мах хадийна ю и говзарш, церан авторш литературехь кхин а лакхарчу кхиамашка кхочург хиларх дегайовхо а ю.
Яздархо а, журналист а хиларал сов суьрташдахкаран говзалла а йолчу Умарова Асетан суьрташца кечйина ю книга. Махмудов Iийсан оцу гулар тIехь долчу цхьана дийцаран цIе ю книгина тиллинарг.
Доккха философин маьIна долуш, ойла йойтуш ду книги тIера дийцарш. Уьш дахарх а, Iаламах а, Даймахках а, адамийн уьйрех а, ненах а, безамах а лаьцна ду. Къоначу яздархоша, массара а бохург санна, шайна хетарг олуш, йийцаре йира гулар, иштта баркалла элира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председательна Ибрагимов Кантина гулар арахецарехь гIонакъосталла дарна.
К.Ибрагимовс билгалдаьккхира, къоначу яздархоша, гулар араяларх тоам бина ца Iаш, кхидIа а къахьега дезаш хилар.
– Шу похIме а, йоккха кхане йолуш а яздархой хиларна тоьшалла ду хIара гулар. Делахь а, аш кхин а доггах болх бан беза кхиамашка кхача, шайн халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьега деза, цу тIехь шун аьтто хуьлийла а лаьа суна, – элира цо.
К.Ибрагимовс дийцарехь, зорбане яккха кечъеш ю къоначу авторийн поэзин кхин цхьаъ гулар.
Иштта, цо хаийтира, Яздархойн союзехь хIора а къоначу яздархочун шакъаьсттина книгаш арахеца шаьш дагахь хилар. Цо таро лур ю церан кхолларалла ешархойн шуьйрачу гонна уллера йовзийта.
Билгалдаккха деза, стохка «Синмаршо» цIе а йолуш къоначу яздархойн дуьххьарлера поэзин юкъара гулар араяьлла хилар. Ткъа «Бераллера цIа» гуларан презентаци хир ю мангалан (июль) баттахь. Билгалдаккха деза Нохчийн Республикин Яздархойн союзо къоначу яздархойн даима а терго еш а, гIолоцуш а хилар.
Дагадоуьйту, «Синмаршо» цIе йолу къоначу яздархойн цхьаьнакхетаралла кхоьллина масех шо ду. Цу юкъабогIу вайн махкахь а, дозанал арахьа а бевзаш болу а, кхоллараллехь кхиъна богIуш болу а, хьалхара гIулчаш йохуш болу а прозехь а, поэзехь а къахьогуш болу а яздархой. Цара сих-сиха Яздархойн союзехь а, Къоман библиотехь а цхьаьнакхетарш дIа а хьо, царна лерина мастер-классаш а йо. Вовшашна шайн говзарш йовзийтарал сов, оцу цхьаьнакхетараллин декъашхоша къахьоьгу нохчийн мотт кхиорехь а, ларбарехь а.
Цара вовшашна цахуург а хьоьху, кегийнаш а кхиабо, тIекхуьучу чкъурана ненан мотт а марзбо. Цунна тоьшалла дара «Бераллера цIа» гулар йийцаре яран суьйре Яздархойн союзехь дIаяьхьна хилар.
I.ГАЙРБЕКОВ
№49, шинара, мангалан (июль) беттан 3-гIа де, 2018 шо