Керла хIусамаш ян йолийна вайн пачхьенехь

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, СоьлжаГIалахь дIадаьхьира дукхапетарийн керлачу цIенойн комплекс яран болх дIаболор. Цигахь, Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнца цхьаьна, дакъалоцуш бара республикин пачхьенан мэран декхарш ханна кхочушдеш волу Закриев ИбрахIим а, кхиберш а.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хиларна лерина, карарчу шарахь пачхьенехь дIахьош дуккха а гIуллакхаш а, кхочушъеш проекташ а хилар.

«Республикин пачхьено кестта шен 200 шо кхачар билгалдоккхур ду. Оцу хиламна аьлла, вай дукха белхаш дIаболийна СоьлжаГIалахь. Церан цхьа Iалашо ю – вайн пачхье уггаре а тоьллачу, кхиамечу, хазачу, цIеначу гIаланийн могIаре хIоттор. Тахана вай лаьттачу майданахь, масех шо даьлча, схьайоьллур ю дукхапетарийн лекхагIишлош, шайна чохь 1 600 петар а йолуш. Цул сов, лаьтта бухахь йолу паркинг а, совдегаршна лерина «чоьнаш» а хир ю кху гIишлош чохь. Къаьсттина мехала ду хIара проект инвесторийн чоьтах еш хилар», – элира республикин Куьйгалхочо.

Иштта, денна а кхуьуш йогIучу Соьлжа-ГIалех ша дозалла деш хилар а хаийтира Кадыров Рамзана.

«Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаам бара Соьлжа-ГIала уггаре хазачу а, сийлахьчу а гIаланийн могIарехь хилийтар. Тахана вай кхиамца кхочушдеш ду цуьнан весет, цуьнан сатийсам. Со тешна ву, СоьлжаГIала, Къилбаседа Кавказан жовхIар хилла ца Iаш, Россин дозалла а хирг хиларх! Оцу Iалашоне кхача гIерташ, Дала вайна ницкъ мел ло, вай де-буьйса а ца къестош, къахьоьгур ду!», – билгалдаьккхира цо.

Соьлжа-ГIалин ерриге а кIошташкахь гIишлошъяран белхаш дIахьош хилар Кадыров Рамзана карара шо Инвестицийн шо хилар дIакхайкхорца доьзна хиларан хьокъехь йолу шен ойла а йовзуьйтуш, къамел дира пачхьенан мэран декхарш ханна кхочушдечу Закриев ИбрахIима а.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана а, Закриев ИбрахIима а, иштта, и комплекс яйтарна харжаш йинчу инвесторша а дакъалецира тIаьхьалонна весетан кехат яздарехь а, иза лаьттах долларехь а.

Дагадоуьйту 1 631 петар чохь а хир йолуш, дан дIадолийна долу 8 цIа пачхьенерчу Шерипов Асланбекан цIарахчу урамехь хилар.

И.ИСЛАМОВ

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: