Вайн лулахойн дахарера

Берийн керла ши беш схьайиллина

Г1ебартойн-Балкхаройн Республикерчу Баксански районан Лахара Куркужин а, Куба а ярташкахь меттигерчу школийн буха т1ехь схьайиллина берийн ши беш. Хьалхарчохь 50 берах ши тоба вовшахтоьхна, ткъа шолг1ачу юьртахь 75 берах 3 тоба. Дерриге а хьелаш кхоьллина берашна: йовха, сада1а лерина хаза кечйина чоьнаш, кхузаманан берриге а лехамашна жоп луш йолу йийбар, паргг1ат дийша меттигаш, ловзаран зонаш.

Шина баттчохь чекхдаьккхира г1ишлошъярхоша бошмашна реконструкци яр, 3,1 миллион соьман барамехь долчу ахчанах харж а еш.

Оццу районерчу Атажукино, Заюково, Баксаненек ярташкахь х1ара шо чекхдалале школе даха хан кхачаза долчу берашна 150 меттигана лерина йолу кхин а кхо беш схьаелла билгалдина.

 

Предпринимательшна -гранташ

Х1ара шо чекхдалале Дагестанан предпринимательшна жима а, юккъера а бизнес кхиорна 110 миллион соьман барамехь ахча лур ду. Цунах лаьцна хаамбо республикин промышленностан а, махлелоран а, инвестицийн а министерствос. Билгалдаккха деза ахча коьртачу декъана фермерийн г1уллакхаш кхиорна къастош хилла хилар.

Ведомствехь вовшахтоьхна хиллачу комиссис чекхдаьккхина гранташ лун йолчу бизнесменийн барам билгалбаккхар а, тоьлларш схьакъастор а. Кху шарахь оцу кепара пачхьалкхо г1о дийр ду 455 толамхочунна. Ахчанан коьрта дакъа федеральни бюджетера къастийна, ткъа республико – 25 миллион сом.

 

Физиотерапин дарба лело керла меттиг

Кхарачойн-Чергазийн Республикин коьртачу г1алахь – Черкесскехь даздаран хьолехь схьайиллина дуьххьарлера физиотерапевтически лечебница. Иза медико-санитарни цхьа дакъа хилла д1ах1оьттина регионехь. Цигахь  дархойн хьашташ шуьйрачу барамашкахь кхочушдан таро ю – ламасталлин хилла схьадог1учу хоттаца дарба лелорна т1ера жемчужни ваннашна т1екхаччалц.

Могашалла 1алашъяран керла учреждени дуккха а цамгаршна дарбалелорна лерина ю: дагца, саде1арехь патологин хийцамаш хиларца, кхин дийнна цхьамог1а кхечу органашца йоьзначу цамгаршца. Цигахь иштта аьтто хир бу  меженешца  доьзначу лазаршна дарба лело а, масала, хоттаца дарба лелор, массаж, молханийн ваннаш, спелеотерапи.

Шена  боккха тидам т1е бохуьйту туьханан чоьно: 10–15 сеанс йича хаъал доккха г1о  хуьлу адамийн могашаллина, лакхадоккху тайп-тайпанчу инфекцешна дуьхьало яр. Уггаре а коьртаниг, оцу учрежденехь лелош долчу дарбано   х1орда йистехь санаторехь 20–25 дийнахь дарба лелийча санна г1о до адамийн могашаллина.

 

Шайн говзалла гайтира

Г1алг1айчоьнан кегийрхойн г1уллакхашкахула йолчу комитетаца цхьаьна республикин дешаран а, 1илманан а министерствос вовшахтоьхна йолу, х1ора шарахь д1ахьош хиларца ламасталлин хилла д1ах1оьттина йолу корматаллин говзаллин схьайиллина  чемпионат д1аяьхьира политехнически колледжехь. Цигахь ялх говзаллехула дакъалецира регионан еа колледжан 40 студента.

Хьалхе яккхарехьа д1абаьхьначу къийсамийн мах хадош вара 30 сов эксперт, шайна юкъахь колледжийн производственни дешаран мастерш а, говзаллица йог1уш йолчу организацешкара бозуш боцу эксперташ а болуш. Чемпионатан жам1ашкахула «Автомеханик» корматаллехула хьалхара меттигаш Т.Х.Цуровн ц1арахчу Къилбаседа Кавказан ягорган-энергетически колледжан студентана Илиев 1абдул-Джафарана, кхача кечбаран г1уллакхан корматаллехула оццу колледжерчу Котиева Мадинина, сварка яран технологешкахула – циггарчу Чабиев Мовсарна, социальни белхахочун корматаллехула – Г1алг1айчоьнан политехнически колледжан студентана Долгиева Лайлаана, парикмахерийн говзаллехула – Акбиева Танзилина кхечира.

 

Х1усамийн барам алсамболуш бу

Адыгейхь кху шеран цхьайтта баттахь, д1адаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, йинчу чохь1ечу х1усамийн барам 2,19-зза алсамбаьлла.

Оцу муьрехь республикехь г1уллакхана юкъаялийна х1усамийн 193 682 квадратни метр. Кху шеран кхоалг1ачу кварталехь цхьана квадратни метран юккъера мах 32,97 эзар соьме кхечира – д1адаханчу шарахьчул мелла а лакхара. Стохка метран мах 29,98 соьме бен ца кхочура. Аьлча а, барх1 процентана т1екхетта цхьана квадратни метрах боьхуш болу мах.

 

Берашна ши мотт 1амабо

Къилбаседа Х1ирийчохь билгалдина и мотт 1амош йолу берийн бошмаш схьаеллар. Иза доьзна ду х1ирийн къоман мотт 1алашбан а, кхио а оьшуш хиларца. Дешаран и система кхоллархочунна Камболов Тамерлана дийцарехь, уггаре а ледара дакъа ду 3-нна т1ера 7 шаре кхаччалц долу бераш. Оцу хьоло нисдар а лоьху.

Иштта, регионан № 92 йолчу берийн бешан цхьана тобанехь дешаран-кхеторан ерриге а процесс х1ирийн маттахь д1аяхьа йолийна. Бешан заведующис Макаева Иринас ч1аг1дарехь, шаьш долчу бераш д1анисдан лууш долчу дай-нанойн барам т1етт1а алсамболуш лаьтта. Царна лаьа къоман республикехь дехаш долчу шайн берашна х1ирийн мотт хуийла.

 

ЮНЕСКО-н 1уналлина к1ел

Ставропольски крайн куьйгалхочо Владимиров Владимира Россин Пачхьалкхан Кхеташонан а, РФ-н Президент волчохь йолчу культурехулий, искусствехулий йолчу Кхеташонан а заседанехь цуьнан дакъалацархошна дийцира ЮНЕСКО-н дерригдуьненан т1аьхьалонан спискана юкъаяха тарлуш йолчу объектех лаьцна. Цунна хетарехь, царна юкъахь хила декхар ду лермонтовски музей-заповедник, г1алаг1азкхийн-некрасовцийн фольклоран т1аьхьало, кхин а цхьамог1а материальни а, материальни боцу а х1олламаш.

Губернатора оццу хенахь билгалдехира шайна хьалха лаьтташ долу чолхе г1уллакхаш а.  Уьш уггаре а хьалха хьакхалуш ду культуран учрежденийн материальни хьолах. Цуьнца доьзна кхолладелла хьал мелла а тодаран 1алашонца 2014–2015-чуй шерашна крайн тайп-тайпанчу т1ег1анийн бюджеташкара юкъадалош ду 250 миллион соьмал сов ахча. Цо таро хуьлуьйтур ю культуран 90 гергга учреждени тоян.

Электронни г1ирсех пайда а оьцуш,

хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: