Асаран (июнь) бутт чекхболуш доккха хазахетар хилира Итон-Кхаьллан кIоштарчу бахархошна, ширачу Мулкъойн махкахь Мулкъойн ИбрахIиман зератана юххехь керла маьждиг схьадиллира.

Маьждиг схьадоьллучу дезачу дийне баьхкинера беза хьеший – Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а, республикин Динан урхаллин векалш а, сийлахьчу шайхан Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волу Сайфуддин ИбрахIим а, Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхо Алхастов Мовсар а, мулкъойн тайпанан нах а, Хьаьжин мурдаш а, дуккха а кхиболу хьеший а.
Маьждиг схьаделларан хьокъехь ша динчу къамелехь С-Х.Межиевс билгалдаьккхира: – Маьждиг, кхин цхьаъ а Делан цIа, кху лаьмнашкахь схьаделлар, юха а вайх боккха Делан къинхетам хилар ду. Ишттачу хиламо кхин цкъа а билгалдоккху нохчийн къам маьрша къам а, Делан дин толоран некъа тIехь къахьоьгуш къам а хилар.
Вайна цкъа а ца дицло, хIара аьттонаш нохчийн сийлахьчу кIанта, республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен са а, дегI а ца кхоош бина хилар. Цундела, хIоразза а, цуьнан цIе ларамца йоккху вай.
Дела реза хуьлда ала луур ду суна республикин куьйгаллина а, хIара маьждиг деш дакъалаьцначу массарна а, кху чохь, Деле вайн махкахь машар, маршо, дин чIагIдар доьхур болчу бусалба нахана а.
Цул тIаьхьа муфтис дийцира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабашна
тIаьхьа баьхкинчу табиинех а, таби-ат табиинех а, саляфусолихьинех а лаьцна.
– Церан некъаца дIадахар тIедиллина вайна Сийлахьчу АллахIа, – билгалдаьккхира С-Х.Межиевс, – амма, дахарехь нисбелла, хIинца а нисло галабевлларш, уьш вахабиташ бу. Царах лардалар тIехь ду вайна. Дала лардойла вай царах а, церан Iилманна тIаьхьадазарх а!
Муфтис кхидIа а шарIан а, тIарикъатан а имамах Джунайд аль-БагIдадах лаьцна дийцира.
Шайх Сайфуддин ИбрахIим хьалха а волуш, керлачу маьждига чохь жамаIатехь ламаз дира гулбеллачара. Шайн доIехь Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а, цуьнан Куьйгалхо а вийхира цара.
Т.САРАЛИЕВА
№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 ш