Нохчийн къоман театрехь – неIарш йиллина де

Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь неIарш йиллина де дара. Театран неIарш дукха Iуьйранна дуьйна йиллина яра. Театран дахар ма-дарра ган а, вайн нохчийн артисташца цхьаьнакхета а луурш дуккха а хиллера. НеIарехь дуьйна шайн хьешашка маршалла хаттарца дуьхьалбевлира театран цхьаболу белхахой.

Цкъа дуьххьара театран шолгIачу гIатта тIе хьалабехира хьеший. Цигахь театран истори йовзуьйтучу стендана хьалха дIаболийра экскурсин болх. Театрах а, цуьнан дахарх а, сцени тIехь «доккхучу дахарх» а лаьцна дерг довзийтира Къоман театран коьртачу режиссера Хакишев Руслана.

Пена тIехь хьалакхозучу суьрташна тIерачу вайн бевзаш болчу артистех лаьцна дийцира цо. Цул тIаьхьа, артисташ бен дIаса ца лелачу новкъахула балкона тIе бигира уьш. Оцу хенахь сцени тIехь дIайоьдуш хиллачу «Лаьмнел лекха» спектаклан репетици ган таро хилира театран хьешийн. Оцу репетицехь Iен хьаьгна болу уьш цигара дIабигира. Балконан дехьа чохь йолчу цаьрга хьоьжуш хиллера вайн Нохчийн Республикин халкъан артист, махкахь дика вевзаш волу Джамаев Iимран.

Дагахь доццург дара хилларг. Вевзаш а, дукхавезаш а волу артист уллера ган а, цуьнца къамеле бовла а ирс хилларш гIадбахана хьаьвзира.

Суо сцени тIехь волуш санна, цхьа сценари дагалаьцнера ас. Шуна букъ а берзийна лаьтташ вара со. Шу чу ма-кхеччинехь, шуьга маршалла хаттарца шуна хазахетар а деш, шуьга схьаверза ойла яра, амма, бакъду, ас дагалаьцна сценари чекх ца ели сан, ишттаниг нислуш меттигаш а ма хуьлу, – хьешийн самукъадаккхарца дIадолийра шен къамел Джамаев Iимрана.

Театр – цхьа сцена хилла ца Iа. Оцу сцени тIе а бевлла, шуна спектакль гайтале, актераша а, кирхьанна тIехьа, хьовсархошна цкъа а гуш боцчу белхахоша а бийриг кIезиг болх бац. Спектаклана тIехь дуккха а къахьега дезаш хуьлу, иза кхачам боллучу кепара хьовсархошна гайта. Хазахеташ ду, Нохчийн къоман театрехь къахьоьгуш схьабогIуш къона актераш а хилар. Ала деза, похIме а, денна а Iама а, кхиа а лууш а бу уьш, – дийцира цо.

Спектакль гойтучу хенахь хьовсархоша шайн самукъадалар схьагайтаро тIеIаткъам бой шуна, артисташна?, – аьлла, шега динчу хаттарна Джамаев Iимрана иштта жоп делира: – Хьовсархошна хетарг тхуна уггаре а коьрта ду, хIунда аьлча, оха хьоьгу къа а церан дуьхьа ду. Масала, спектакль гойтуш хьовсархойн тхайн ловзарх самукъадалар а, гойтуш ерг мелодрама елахь а, чуьра тийналла хааелча, тхуна хьаам хуьлу.

Дагахь доцу хазахетар хилира театран хьешашна. Репетице хьовса зала чу бигира уьш. Спектакль хьовсархошна гайтале хьалха актераша мел къахьоьгу хиира царна, шайна гинарг цхьа кийсак бен ца хиллехь а. Репетицина юкъахь еанчу мукъачу миноташкахь баьхкинчаьрга йистхилира театран директор Ахмадова Хьава.

Нохчийн къоман театран шен хьовсархой бу. Хан-зама мел хийцаяларх, хIора заманахь а шен хьовсархой хуьлу. Тахана ерг керлачу технологийн зама хиларе терра, дукхах йолу хан интернета чохь йоккху наха. Интернето дуккха а нехан дахарехь йоккха меттиг дIалоцуш елахь а, со тешна ю искусствон мах цкъа а лахлург цахиларх. Тахана шу кхуза дахкарх тхуна боккха кхаъ хилла, лаьа, шу театре кест-кеста догIийла, хIунда аьлча, оха беш болу болх уггаре а хьалха шун дуьхьа беш бу, – бохура цо.

Цул тIаьхьа хьешийн таро хилира театран директоре шайна хаа луург хатта. Иштта, «Лаьмнел лекха» спектакле а кхайкхира уьш, царна совгIатана билеташ а луш.

Бевзаш болчу артисташца цхьаьна суьрташ а дехира цара.

З.КУНТАЕВА

Суьрташ тIехь: Нохчийн къоман театрехь – хьеший

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 ш

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: