«Басарийн симфони»

Асаран (июнь) беттан 27-чу дийнахь лакхахь хьахийначу Музейхь схьабиллина Россин Федерацин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочун, Россин Федерацин культурин хьакъволчу белхахочун, «Общественное признание» сийлаллин дашо знак елла волчу, В.А.Татаевн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствон а колледжан хьехархочун Ильясов Адаман гайтам. Иза 50 сов суьртех лаьтташ бу.

Гайтам схьабоьллуче баьхкинчу хьешашна юкъахь бара бевзаш болу поэташ, яздархой: Э.Мамакаев, I.Кусаев, Ш.Цуруев, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент Р.Дадашев, суьрташдахкархой: М.Тарамов, Л.Абаев; журналист, публицист Хь.Юнусов, Культурин министр лаьттина волу I.Киндаров, «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексан директоран заместитель В-П.Ахматов, ГIалгIайн Республикин вевзаш волу юкъараллин гIуллакххо Б.Арапиев, оццу республикин Юкъараллин советан декъашхо Б.Хидриев, Дагестан Республикин Бабаюьртан кIоштан дешаран отделан белхахой, суьрташдахкархочун гергара нах, студенташ, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой.

Нохчийн вевзаш волу художник А.Ильясов корматаллин суьрташдахкархо, поэт, хьехархо ву. Россин тайп тайпанчу гIаланашкахь а, дозанал арахьа а гайтамашкахь хилла цуьнан суьрташ. Изобразительни искусствон тайп-тайпанчу жанрашкахь а, техникица а къахьоьгуш ву иза.

Гайтамехь долчу суьртийн хьокъехь а, суьрташдахкархочух а лаьцна довха дешнаш элира хьешаша. I.Киндаровс дийцарехь, Адам цунна вевза дукха хан елахь а, хIокху тайпана похIма долуш стаг иза вуй цунна ца хаьара.

«…ХIунда аьлча, цо цкъа а шен суьрташ ца гойтура, цундела таханлера де тIекхаччалц суна ца хаьара кхуьнгахь иштта похIма дуй. ХIокху суьрташкахь суна бевзи Адаман шен дайн лаьттаца болу безам, цуьнан син исбаьхьалла а», – элира I.Киндаровс.

Къамелаш динчара массара а билгалдоккхуш дара Адам Дала масийтта говзалла елла стаг хилар. Цо, суьрташ дехкина ца Iаш, суьрташ а доху, кузаш а до, стихаш а язйо, деших гIуллакх а до. Адам санна долу адамаш вайн дерриге а халкъан дозалла ду.

Гулбеллачарна боккха кхаъ хилира Адаман суьрташ довзарх.

Мангалан (июль) беттан 15-гIа де тIекхаччалц музей веанчунна евзар ю Ильясов Адаман кхолларалла.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрташ тIехь: «Басарийн симфони» гайтамехь

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 ш

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: