Хорвате – толам баккха
Дукха хан йоццуш Москвахь дIаяьхьира кегийрхошлахь Россехь хьалхеяккхаран турнир.
Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара къона спортсменаш. Вайн республикин цIарах цигахь дакъалецира РДЮСШ-ерчу спортсменаша.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Финалехь, шен йозаллин категорехь шолгIа меттиг яккхарца билгалвелира вайн спортсмен: Абуев Асхьаб.
Кхузахь толам баьккхина спортсменаш дакъалоцуш хир бу мангалан (июль) баттахь Хорватерчу Загребехь дIахьур йолчу Европин чемпионатехь. Оцу лаккхарчу кхиаме вайн спортсмен кхачийнарг ву цуьнан тренер-хьехархо Р.Тутаев.
Лаьа вайн спортсмен Хорватера лаккхарчу кхиамашца цIавоьрзийла. Турниран толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
Къоначу спортсменийн кхиамаш
ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназехь дIаяьхьира 2003-2010–чуй шерашкарчу кхиазхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолу Республикин турнир.
Турнирехь дакъалоцуш бара РДЮСШ-ра къона спортсменаш. Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевлира толамхой: Кавлаев Амир (30кг.), Макаев Мохьмад (32кг.), Даудов Мовлди (40кг.), Даудов Iумар (68кг), Архиев Адам (41кг.), Хажмагамаев Ислам (44кг.), Назиров Хьамзат (57кг.), Алхазуров Жабраил (62кг.), Даудов Аюб (41 кг.), Дукаев Адам (52кг.), Кацаев Iийса (75кг.), Даудов Iела (41кг.).
Оцу кхиамашка къона спортсменаш кхачийна уьш Iамийначу тренерша:Т.Магамадовс, А.Гусиговс, М.Таиповс, Р.Тутаевс.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллинграмоташца, ахчанан совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 шо