Екъа соьналла ягорна жоьпе озийна

Аьхкенан мур болабелча дуьйна Нохчийн Республикехь 40 вахархо гергга екъа соьналла ягорехь талхораш дарна административни жоьпе озийна. Республикин коьртачу госинспекторан заместитела Залаев Резвана бина и хаам.

Таллам баро гойту, екъа соьналла ягор дукха хьолахь Соьлжа-ГIалахь нислуш хилар. Залаев Резвана дийцарехь, законо магош дац екъа соьналла яго, иштта, есачу аренашкахь цIе лато а. Цул сов, машенийн а, аьчкан а некъашна йистехь а цIе лато магийна дац.

– Адамаш дехачу меттигашкахь мох боцучу дийнахь бен яго мегар дац екъа буц. ЦIе латош хилча а, нах бехачу меттигна 50 метр сов генахь лато еза. Екъа буц ягочаьргахь цIеяйъаран гIирс а хила беза, – бохура Р.Залаевс.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин тешаман телефон ю дийнахь а, буьйсанна а болх беш – 8(8712)33-24-25.

З.ХАСИЕВА

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: