«Нохчийн ловзар» – Шалажехь

Нохчийн Республикин халкъан кхоллараллин туьшо Хьалха-Мартанан кIоштарчу Шалажехь «Нохчийн ловзар» проект кхочушъяран гурашкахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Юьртан къаношна тIера къоначарна тIе кхаччалц массо а вара цигахь дакъалоцуш.

Шайхан Арсанов Денин тIаьхьенах волу Шалажин вахархо Арсанов Махьмуд вара ловзаран тхьамда, ткъа цуьнан гIоьнчий – юьртахь лоруш волу Сугаипов Тархан а, Закаев Сайд-Селим а, Саламов Iумар а.

«Нохчийн ловзар» проект кхочушъяран гурашкахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Культурин кхеташонан декъашхо Казаев Султан, Халкъан кхоллараллин туьшан методикин а, клубан а белхан куьйгалхо Уциев Абу.

Ловзаран тхьамдин Арсанов Махьмудан дехарца, хьешаша дийцира нохчийн синкъерамах а, нохчийн ловзарх а лаьцна.

– Дукха хьолахь кегийрхошна ловзаран гонна юкъа а бевлла, шайна ма-хетта хелхабовлар нийса ду моьтту. Нохчийн ловзар дукха хенахь дуьйна а шен хатI а, дуккха а бакъенаш а йолуш, нохчийн халкъан культурин коьрта дакъа а хилла схьадогIуш ду. Хелхаран къайленаш евзачарна, цуьнца шайн ойла яста а, дагара дийца а хаьа. Нохчийн хелхар санна оьзда хелхар долуш дукха къаьмнаш дац дуьнен чохь. Хьалха ловзаргахь вота-пондар бен ца хуьлура, хелхар а оьзда дора. ТIаьхьарчу хенахь музыкин гIирсаш дуккха а бу, царна тIехь шаьш нохчийн хелхаран мукъам балош бу бохуш, цхьаболчара талхош ду ловзаран а, мукъаман а хатI. Цундела, хIара вайн цхьаьнакхетар, ловзарган бакъенаш ларъяр а, цахуучунна уьш Iамор а Iалашо йолуш ду, – дийцира Уциев Абус.

Шайга дийцинчух пайда а оьцуш, нохчийн оьздачу хелхарца самукъане дIадаьхьира Шалажин бахархоша ловзар.

ВЕГИЕВА Макка

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: