«Евзаш йоцу Кавказ» блог-тур – Нохчийчохь

Асаран (июнь) беттан 29-чу дийнахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь «Евзаш йоцу Кавказ» проектан автор а, куьйгалхо а волчу Алимирзаев Муслима а, цуьнан командо а шаьш дIахьош йолчу проектах лаьцна пресс-конференци елира Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна.

Шайн проектах а, шайн Iалашонех а лаьцна дош олуш, вистхилира проектан куьйгалхо Алимирзаев Муслим.

Вайна ма-хаъара, Кавказехь дуккха а хаза меттигаш ю, амма и меттигаш ца евзарш кIезиг бац. Вайн Кавказехь бехачарна гайтина а ца Iаш, цуьнан дозанал арахьарчу мехкашна а вайн Iаламан а, лаьмнийн а хазалла йовзийтаран Iалашонца юкъаяьккхира оха «Евзаш йоцу Кавказ» проект. 2016-чу шарахь дуьйна и кхочушъярна тIехь болх беш схьадогIуш а ду. ХIетахь дуьйна Кавказан бахархошна тхайн лерринчу блогехула дуккха а хаза меттигаш гайта а ларийна тхо. Тахана, вайна ма-хаъара, дукхахболчара интернета чохь йоккху хан. Цу чухула хаьа царна дуьненан хиламех дерг а, тайптайпанчу регионашкара хьал а. Иштта, интернета чухула тхайн блогехула Кавказерчу хазачу меттигашкахь съемкаш а еш, суьрташ а дохуш, уьш нахана дIагайта дуьйладелира тхо, – элира цо.

Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала шен къамелехь билгалдаьккхира, «Евзаш йоцу Кавказ» проектан автора а, цуьнан накъосташа а арабаьккхина некъ гуттар а пайдехь хилар.

Алимирзаев Муслим ша цхьаъ волавелира «Евзаш йоцу Кавказ» проектан гурашкахь болх бан, уллехь накъост а воцуш. Хан яларца, цуьнца цхьаьна оцу декъехула къахьега луурш вовшахкхийтира. Иштта, цхьа команда вовшахкхийтира церан. Шаьш бехачу регионехь дуккха а хаза меттигаш хилар цахуурш а хуьлу. Царна а, иштта кхечу регионашкахь бехачарна а пайдехь ю «Евзаш йоцу Кавказ» проектан блог, – бохура И.Денильхановс.

Цул тIаьхьа, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалийн таро хилира проектан авторе а, цуьнан белхан накъосташка а хаттарш дан. Ткъа цара шайга динчу хаттаршна чулацаме жоьпаш делира.

З.ИСАЕВА

Авторан суьрта тIехь: «Евзаш йоцу Кавказ» проектан автор а, цуьнан накъостий а

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: