Йовхачу хенахь адамийн догIмашна оьшург

Йовхачу хенахь адамаша шайн могашаллина пайдехь хилийтархьама юучуьнца а, молучуьнца а ларъян езаш бакъенаш ю. Лоьраша дийцарехь, уггаре а хьалха оьшшучул хи хила дезаш ду адамийн догIмашкахь. ЦIена хи хилла ца Iаш, цу юкъадогIу тайп-тайпана муттанаш. Амма маггане а мегар дац корта бахош долу маларш мийла. Спиртан молекулаша дегIера хи дIадоккху.

Иштта, ларъян еза молучу хин температура а. Иза аьхка а, Iай а цхьатерра хила еза – 16 градуса тIера 22 градусана тIекхаччалц. Цу тайппана температура ларъяро ангина а, кхидолу шелдаларан цамгарш а хиларх лардо адамаш. Амма дукха мийла мегар дац мерза хиш. Цара, цкъа делахь хьогалла дIа ца йоккху, шолгIа делахь, шекаран диабет хиларна кхерам бу уьш дукха мийлича. Цундела ларбан беза церан барам.

ХIун яа йовхачу хенахь? Данне а мегар дац белкови (чIара, жижиг, хIоаш, кIалд, бIараш, и.дI.кх.) юург дIа а теттина, еккъа цхьа салаташ, стоьмаш, хасстоьмаш баа. Аьхкенан хенахь дилханна, даьIахкана, чкъурана оьшуш йолу белокаш юкъахь йолу кхача баа беза (чIара, дерстина доцу жижиг, котаман жижиг, хIоийн белокаш, и.дI.кх.).

Уггаре а хьалха йовхоно тIеIаткъам бо дагца цамгарш а, шекаран диабет а йолчу нахана. Цул сов, малхехь (арахь) а, йовхачу гIишлош чохь а белхаш бечу адамашна хала ду йовхо лан. Йовхо хала лов бераша, бер ханна жима мел хили а хала хуьлу цунна йовхонехь, хенан хIоттамах доьлла цахиларна. Царна тIеюьйхина хIума оьшшучу барамехь, дукха сов а йоцуш, дегIан меженаш къайлаяьхна хила еза. Къаьсттина 11 сахьт даьлчахьана 16 сахьт даллалц малхехь цалелар дика ду.

ТIедуьйхина духар дегIана аьхна хила деза. Иза дайчу кIадих тегна, дегI малхах лардийр долчу кепара, деха пхьуьйшаш а, кач а болуш хила деза. Коьрта тиллина хIума хила еза.

Дийнахь сих-сиха лийчаро пхенаш чуьра цIий леларна а, йовхо ларна а гIо до. Йовхачу хенахь кондиционераш йолчу чохь нисдала лууш хуьлу вай, цу чохь шийла мел хили а гIоле хеташ. Амма лоьраша магош йолу цуьнан температура арахь йолчул 10 градус башхалла йолуш ю. Мегар дац цуьнан шийла мох нийсса шена тIетухучу кепара хиъна Iан.

Кондиционер цIена а, цуьнан фильтраш дикачу хьолехь а, сих-сиха цIанъеш а, дезинфекци еш а хила еза. Мехала ду хIусам чуьра хIаваан тIуналлин барам ларбар, кондиционер йолчу хIусам чу хи чохь долу хIума хIоттор дика ду.

Температура лакхара хилча алссам бактереш яржарна кхерам бу. Уьш къаьсттина дукха хуьлу стоьмашна а, шурийн а, и.дI.кх. а сурсаташна юкъахь. Чуьйрийн инфекцеш аьхкенан инфекцеш ю. Цундела ларлуш хила деза.

Л.ДАУТОВА

№50, пIераска, мангалан (июль) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: