Кху деношкахь вайн республикерчу ерриге а школашкахь санна, Грозненски районерчу Октябрьски юккъерчу школехь а даздира Керла шо. Школин актови залехь хаза кечйина базалг а хIоттийна, цунна гуонаха гулбеллера нохчийн а, тайп-тайпанчу туьйранашкарчу турпалхойн а духарш дуьйхина юьххьанцарчу классашкара дешархой. Берийн самукъадалар гуш дара церан яххьаш тIе хьаьжча. Ткъа уггаре а доккха хазахетар ГIура Дада а, Лайн йоI а гучуяьлча хилира. Цу шимма дуккха а хIетал-металш делира берашна, нийса жоьпаш деллачарна совгIаташ а дира. Шайн самукъане цхьаьнакхетар байташ йоьшуш, сценкаш хIиттош, хелхарш деш дIадаьхьира цара.
З.САГАЕВА
Авторан сурт