Хьалхарчу мультиплексана юкъахь — «Вайнах» ПТРК-н программаш

Нохчийн Республикехь терахьийн эфиран телесеть хIоттор а, цунах пайдаэцар а дIахьо РТРС-н «Нохчийн Республикин РТПЦ» филиало.

Терахьийн эфиран вещани дIахьо хьалхарчу мультиплексана юкъахь республикерчу Пачхьалкхан «Вайнах» телерадиокомпанин программаш «Россия 1», «Радио России» каналашна юкъа а йохуьйтуш. Цо меттигерчу бахархойн таро хуьлуьйту меттигера керланаш довза.

Маьхзачу терахьийн эфиран телевидене хьажарна тоьаш ю дециметран диапазонан антенна (коллективан юкъара, я шениг, вахаран хьелашка хьаьжжина, арахьара, я чоьхьара).

Кхузаманахьлерчу дукхах йолчу телевизоршна мегаш ю DVB-T2 вещанин стандарт, цу чухула гойту маьхза мультиплексаш.

Нагахь телевизор ширачарах елахь, кхитIе а хIотто езар ю леррина йолу терахьийн эфир лацаран приставка.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: