Хьанах хьакхалур дац пенсе воьду хан лакхаяккхар

«Пенсеш хIитторан а, уьш дIадаларан а гIуллакхашкахула долчу Россин Федерацин законодательни цхьацца долчу акташна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь» йолу федеральни законан проект Россин Федерацин Правительствос къобалйира асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь. Иза кечйина РФ-н къинхьегаман а, социальни ларбаран а министерствос.

Законопроет тIехьажийна ю, иза тIекхаьчча, къанваларна страховой пенси хIоттон долу хан муьрашка екъна лакхаяккхарна.

Федеральни законан проектаца нийса а догIуш, пенсе воьду хан лакхаяккхар билгал ца до къинхьегаман зене, хала хьелаш долу белхаш бечу гражданех (кIоран декъан шахтийн, аьргалла йоккхучу промышленностан, босболчу а, Iаьржачу а металлургин, аьчганекъан декъан, иштта, шайх олуш йолчу «жимачу спискашна» юкъабахийтинчу кхечу белхалойх, социальни хьелашна тIедоьгIна страховой пенсеш хIиттийначу, ткъа иштта, радиацин Iаткъам хиллачу гражданех.

Пенсе воьду хан лакхаяккхар билгал ца до:

1. Зене а, кхераме а хьелаш долчу белхан меттигашкахь белхаш бечу, къинхьегаман хьелийн леррина мах хадоран жамIашкахула хIитточу хьокъала йоллучу тарифашца стрховой ахчанаш болх луш волчо шайна пайда хилийтарна дIалуш болчу гражданашна:

– лаьтта бухарчу белхашкахь, къинхьегаман зене хьелаш долчу белхашкахь, йовхачу цехашкахь белхаш бечарна (божарий а, зударий а);

– кIадидаран промышленностехь сиха а, беза а белхаш бечарна (зударий);

– экспедицешкахь, партешкахь, отрядашкахь, участкашкахь, бригадашкахь дуьххьалдIа геолого-талларан, лахаран, топографо-геодезин, гидрографин, гидрологин, хьаннаш деборан, талларан белхашкахь болчарна (божарий а, зударий а);

– юьртан бахамехь, экономикин кхечу дакъошкахь болчу трактористашна-машинисташна, ткъа иштта гIишлошъяран, некъан, тIейоттаран-охьаяссоран машенийн машинисташна (зударий);

– механизмийн, гIирсийн хьашташ кхочушдар юкъа а лоцуш, хьун хьакхарехь, иза хица охьаяхьийтарехь белхаш бечу белхалошна а, мастершна а (божарий а, зударий а);

– хаддаза гIуллакх деш йолчу гIалин пассажирийн маршруташкахь белхаш бечу автобусийн, троллейбусийн, трамвайн водительшна (божарий а, зударий а)

2. Социальни хьелашна а, могашаллин хьолана а тIедоьгIна пенсе ваха хIоттийначу хенал хьалха пенси хIоттош долчарна, ша аьлча:

– пхиъ а, цул сов а бер динчу а, церан 8 шо кхаччалц уьш кхиийначу
а зударшна;

– жималлехь дуьйна заьIап бераш церан 8 шераш кхаччалц уьш кхиийначу дай-нанойх цхьанна (божарий а, зударий а);

– бераллехь дуьйна заьIап долчеран верасашна я церан 8 шераш кхаччалц уьш кхиош верасаш хилла лаьттинчарна (божарий а, зударий а);

– шиъ а, цул сов а бер динчу зударшна, нагахь Йистерчу Къилбасе-дан меттигашкахь я цаьрга нисйинчу меттигашкахь белхаш бина хиларан хьокъехь цунна оьшуш йолу страховой стаж елахь;

– тIеман гIуллакхашкахь чевнаш йина заьIап хиллачарна (божарий а, зударий а);

– бIаьрса бахьанехь 1-чу даржан заьIапалла хIоттийначу заьIапхошна (божарий а, зударий а);

– гипофизарин нанизм цамгар (лилипуташ) долечу гражданашна, диспропорциалин карликашна (божарий а, зударий а);

– Йистерчу Къилбаседан меттигашкахь, цаьрга нисйинчу меттигашкахь хаддаза бехаш болчарна, сайшлелорхойн, чIерийлецархойн, таллархойн-промысловикийн белхаш бинчарна (божарий а, зударий а)

3. Радиацин я техногенни бохам хилар бахьанехь, цу юкъахь Чернобылан АЭС-хь бохам хилар бахьанехь зенаш хиллачарна

4. Летно-зеран составехь, дуьххьалдIа зеран а, серийни а авиацин, аэрокосмосан, хIаваэхь леларан,
парашютно-десантин техникина летни зераш дарехь (талламашкахь) белхаш бинчарна (божарий а, зударий а).

Зорбане кечйинарг – Д.МАГОМАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: