Юкъараллин палатехь дийцаре дира мехала гIуллакхаш

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палато республикин пачхьалкхан хIусамийн тергояран гIуллакхаллица цхьаьна кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира: «Урхалла деш йолу компанеш а, ТСЖ-ш (хIусамийн долахойн накъосталлаш) а бахархойн гIуллакхашка ледара хьовсар» а, «Урхалла дечу компанийн а, ТСЖ-н а белхахойн говзалла лакхаяккхар» а аьлла долу гIуллакхан.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонашларъяран а Советан председатель Алиев Тимур а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал а, Россин Федерацин Юкъараллин палатин а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а декъашхо Солтаев Мансур а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председателан заместитель Каримов Iалу а. Иштта, цига кхайкхинера Нохчийн Республикин гIаланашкарчу а, ярташкарчу а урхалла дечу компанийн а, ТСЖ-н а куьйгалхой а, юкъараллин организацийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш а.

Цхьанакхетар вовшахтоьхнарг вара «ЖКХ Контроль» цIе йолчу регионан туьшан куьйгалхо Солтаев Мансур.

Тахана вай дийцаре деш долу гIуллакхаш чIогIа мехала ду. ЖКХ-н тарифаш ерриге а Россехь дикка лакхаевлла, бахархой резабацар а ду хаалуш. ЖКХ-н декъаца доьзна долу дуккха а дехарш, аьрзнаш Соьлжа-ГIалин мэре кхаьчна ца Iаш, республикин юкъараллин структурашка, Юкъараллин палате а кхочу. И проблема дIаяккхарна тIехь леррина болх бан дезаш ду вай, – билгалдаьккхира Алиев Тимура.

Солтаев Мансура дийцарехь, бахархойн дукхах долу дехарш хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдар ледара хиларца а, дIадала деза ахча нийса тIе ца яздарца а доьзна ду. Дерриге а аьрзнех 70 процент ду цу тайпана дерш.

И проблема дIаяккхархьама билггал декхарш хьалхахIиттийна Соьлжа-ГIалин мэран декхарш ханна кхочушдеш волчу Закриев ИбрахIима. Нохчийн Республикин Юкъараллин палато а шена тIелаьцна юкъараллин терго яр, – элира М.Солтаевс.

Каримов Iалус билгалдаьккхира бахархойн коммунальни хьашташ кхочушдарехь кхоллалуш йолу халонаш цхьана системе а ялийна, дIаяха езаш хилар. Иштта, цхьаьнакхетаран дакъалацархошна I.Каримовс хаийтира, Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствос вовшахтоьхна Нохчийн Республикин урхалла дечу компанийн а, ТСЖ-н а белхахойн говзалла лакхаяккхаран курсаш дIахьуриг хилар.

I.МУРТАЗОВ

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: