Дукха хан йоццуш Х.Нурадиловн цIарахчу Къоман театрехь Нохчийн Республикин хьакъволчу артистан, театран актеран Хасанов Тимир-Болатан концерт хилира. Билгалдаккха лаьа, Тимир-Болата къоман театрехь болх бен дуккха а шераш хилар.

Вайн эстрадин артисташ баьхкина ца Iаш, Къилбаседа Кавказера бевзаш болу артисташ а баьхкинера концерте. Царна юкъахь ГIебартойн-Балкхаройчуьра Киш Ислам а, Карина а, ХIирийчуьра Цороева Жанна а.
Ала деза, Тимир-Болат заьIап берашца гергарло дезаш а, лелош а ву. Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин нохчийн отделенис заьIап берашна лерина вовшахтухучу концерташкахь дакъалоцуш а, цаьрца кест-кеста цхьаьнакхеташ а ву. Цундела, цецволийла дацара, цо шен концерте заьIап бераш а кхайкхина хилар. Шайна дукхавезаш волчу артиста, шайн доттагIчо шен концерте кхайкхарх хаза кхаъ хиллера берашна.
Вайн республикехь, къаьсттина кегийрхошна юкъахь гIарадевлла долу «Мархаш», «Дека илли», «Ойла яьхьнарг» иллеш элира артиста.
Хьовсархойн къаьсттина самукъаделира Хасанов Тимир-Болата бIаьрса доцчу Абубакарова Аминица а (нохчийн Гурцкая Диана олу цунах), лерса доцчу Тимиргаев Расулаца а (куьйгаишаршца элира цо илли) цхьаьна дIалекхначу «Не молчи» эшарх.
Иштта, дагах кхеташ дара Тимир-Болата дIааьлла Нохчийн Республикин халкъан ар- тистан Усманов Iимранан «Нана Даймохк» илли.
Цороева Жаннас Аланин театральни гIуллакххойн Союзан председателан К.С.Губиевн цIарах Баркаллин кехат делира артистана.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Хасанов Тимир-Болатан концертехь
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо