Терахьийн эфиран телевиденига хьажарна гIирс хIоттош дукха хан а, леррина долу хаарш а ца оьшу. DVB-T2 стандартах пайда а оьцуш (2012-чу шарахь дуьйна арахоьцуш йолу телевизионни приемникаш), терахьийн вещани дIаяхьарна оьшу ДМВ-диапазонан антенна. Амма аналогийн ширачу телевизорна антеннал сов, леррина йолу эфиран приставка а оьшур ю (SetTopBox, STB, «Цифровая приставка»).
Соьлжа-ГIалахь эфиран приставкаш юхкуш ю Машаран урамехь йолчу «Антенна» туьканахь (ширачу автостанцина дуьххьал), «Беркатехь» № 72 йолчу туьканахь, «Поиск» туьканахь. Дикачарах лоруш ю DColor, TVK, Oriel маркийн тайп-тайпанчу модификацийн приставкаш. Церан мах 800 соьмана тIера 1300 соьме кхаччалц бу кхитIе а юкъаялийначу сервисашка хьаьжжина (хаамийн табло, будильник, кхиерг).
Гуш ма-хиллара, терахьийн эфирни телевиденех пайдаэцархьама яккхий харжаш ян дезар дац. Амма дикалла Iаламат лакхара хир ю.
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо