ГIуллакх кIорггера ца теллина
РФ-н УК-н 173.1 статьян 3-чу декъаца билгалдина зуламаш дарна В.Наибана дуьхьал Нохчийн Республикин МВД-н талламан урхаллин СЧ-н талламхочо лелийна уголовни гIуллакх цуьнга юхадерзийна регионан прокуратуро. ГIуллакх толлуш гучуделира уголовни а, уголовно-процессуальни а законодательствон лехамаш талхийна хилар. Цара бакъо ца лора иза суьде дIадахьийтархьама бехкевар чIагIдан.
Гучубаккхаза бисинера цхьана дийнан фирмашкахула схьаэцна хиллачу дерриге а ахчанан барам, оцу ахчанан хьостанаш. Билгалбахаза бисина шайца расчеташ еш хилла контрагенташ. Бакъо йоцуш банкаца лелийначу гIуллакхийн бакъонан мах ца хадийна.
Шайца банкан къайленаш йолчу документашка хьажаран протоколаш а дац мегар долуш. Дуьззина таллаза дисина бакъо йоцуш банке ахча охьадилларан а, схьаэцаран а бакъдерш. ГIуллакх шен тергоне эцна прокуратуро.
Законаца галморзахдаьлла…
ХIусамаш яран декъехь Хьалха-Марта гIалин мэрис тIеэцна бакъонан акташ гIуллакх деш долчу законодательствон лехамашна мел жоп луш ду теллира кIоштан прокуратуро. Бинчу талламо гайтира хIусам ярна лерина лаьттан дакъа къасторца доьзна долу муниципальни хьашташ кхочушдарехь мэрин административни регламентана тIе а доьгIна, дехарш деш болчаьргара оьшучул совнаха документаш доьхуш хилар. Гражданашна бакъо йоцуш тIедиллинера юридически бух боцуш долу декхарш кхочушдар.
Цул сов муниципальни бакъонан акта тIехь билгалбаьхнера законаца билгалбина боцу лехамаш. Цуьнца доьзна, Хьалха-Мартан кIоштан прокурора Керимов Зелимхас про- тест язйира законан бух боцуш долчу нормативни бакъонан актана дуьхьал.
Бина лехам нийса лерина. Административни регламент законаца цхьаьнаялийна.
Герз дохкарх «пайда» хилира
ВорхI зулам дарна бехкевеш волчу Г.Аптина дуьхьал долийначу уголовни гIуллакхехула (РФ-н УК-н 222-чу статьян 1-ра дакъа, РФ-н УК-н 222.1 статьян 1-ра дакъа – бакъо йоцуш герз, хIоъ-молха, лелхаш болу гIирсаш эцар, бохкар, Iалашбар, дIасалелор, шеца лелор) бехкевар чIагIдина республикин прокуратурехь.
Талламхошна хетарехь, Аптис бакъо йоцуш эцнера герз, хIоъ-молха, лелхаш болу гIирсаш. Уьш ша Iаш волчу хIусамехь Iалаш а бора.
2016-чу шарахь дуьйна 2018-чу шеран кхолламан (январь) бутт чекхбаллалц болчу мурехь бакъонашларъяран органаша ша лаццалц герз а, кхиболу гIирс а бухкуш хилла хилар чIагIдина дийнна цхьамогIа бакъдолчаьрца.
Уголовни гIуллакх хьокъала боллу мах хадабайта Шелан гIалин суьде дIадахьийтина.
Низаман таIзар дина
Нохчийчоьнан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс хьалхо регионан МВД-н талламан урхаллин хьаькаме дIахаийтинера РФ-н УК-н 3-чу статьян 3-чу декъаца, РФ-н УК-н 228-чу статьян 4-чу декъан «г» пунктаца билгалдина зуламаш дарна (баккхийчу барамашкахь бакъо йоцуш йохка гIортар) бехкевеш волчу Д.Апсаран уголовни гIуллакх талларехь федеральни законодательствон лехамаш талхийна хиларан хьокъехь. Талхораш дIадахар тIедиллира.
Уголовни а, уголовно-процессуальни а законодательствон лехамаш талхийна хиларо бакъо ца лора бехкевар чIагIдан. И бахьанехь гIуллакх талламан урхалле юха а дерзийнера кхитIе а таллам байта. Суд хилале хьалха прокуратуро шеца барт бар бахьанехь, бехкевеш волчо цIерш ехира зулам дечу хенахь шеца цхьаьна дакъалаьцначу кхечу адамийн а.
ХIетте а талламхочо хьакъ ма-дду ца теллира бехкевеш волчо дийцинарг. Цо шен декхарш буьззинчу барамехь кхочушдина цахилар бахьанехь бехкевеш волчунна законо луш болу тешам байъира.
ЗаьIапхойн бакъонаш талхийна
Теркан кIоштан суьдехь къастийра административни бакъонаш талхорна гIуллакх долоран хьокъехь кIоштан прокуроран заместитела Башхаджиев Зеламхас тIеэцна сацам.
Бинчу талламо гайтира Бена-Юьртахь администрацин машенаш хIитточу меттехь заьIапхойн транспорт хIотторна меттигаш билгалйина цахилар. РФ-н КоАП-н 5.43 статьяна тIе а доьгIна, юьртан администрацин куьйгалхочунна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра.
Суьдо нийса лерира прокуратуро бина лехамаш. Бехкечунна гIуда тоьхна.
Нехан хIуманаш лечкъор дазлур ду
Бакъонан ницкъе дирзина «Россин Федерацин Уголовни кодексана юкъа хийцамаш балоран хьокъехь» долу Федеральни закон.
Оцу законаца чIагIдина нехан хIуманаш, банкийн счеташ тIера ахча лечкъорах долу уголовни жоьпалла. Иштта, РФ-н УК-н статьяна хийцамаш юкъабалийна платежни картех пайда а оьцуш ямартло лелорна. И зулам дарна 4 баттана чуволларан меттана билгалдина 3 шаре кхаччалц хан тохар.
Компьютерийн хаамийн декъехь ямартло лелорна а цхьамогIа хийцамаш бина. РФ-н УК-н хьокъала йоллучу статьях пайдаэца таро хилийтархьама лахдина ахчанан баккхийчу а, къаьсттина баккхийчу а барамийн тIегIанаш.
Ямартло чекх ца яьлла
Баккхийчу барамашкахь ямартло лелорна бехкееш йолчу Х.Радимханан уголовни гIуллакхехула бехкеяр чIагIдина республикин прокуратурехь (РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-гIа дакъа).
Талламхоша чIагIдарехь, коммерцин гIуллакхаш лелош ю ша аьлла Дадулагова Iеха а йина, цуьнгара 990 эзар соьмал сов мах болуш йолу дашо хIуманаш схьаийцира цо.
И ерриге а ювелирни хIуманаш къайла а яьхна, царах шен хьашташ кхочушдархьама пайдаийцира бехкееш йолчо, вукхунна баккхийчу барамашкахь зен а деш.
Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан суьдехь къастор ду и гIуллакх.
Талхораш дIадаха дезар ду
Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан прокуратуро теллина меттигерчу школе даха хан кхачаза долчу берийн дешаран учрежденехь бахархой балха нисбаран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха кхочушбо.
Таллам бечара тидам тIебахийтира кIоштан бахархой балха нисбаран туьше йолуш йолчу белхан меттигех лаьцна хаамаш оцу учрежденера кхаьчна цахиларна.
Иза хьесапе а эцна, кIоштан прокурора Асабаев Идриса, РФ-н КоАП-н 19.7 статьяна тIе а доьгIна, административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра даржехь волчу белхахочунна дуьхьал.
Оццу хенахь учрежденин куьйгалхочунна тIедожийра закон талхор йоццачу хенахь дIадаккхар. Бина лехам бух болуш лерина, цунна хьокъала доллу жоп а делла. Бехкечарна низаман а, административни а таIзарш дина.
КхидIа а таллам бан дезар ду
Регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Нохчийн Республикин МВД-н талламан урхалле кхитIе а таллам байта юхадерзийна Л.Асланна нуьцкъаша медицинин амал йолу гIуллакхаш дайтарна тIехьажийна долу уголовни гIуллакх а, иза суьде дIахьажоран хьокъехь болу сацам а.
Иза бехкевеш ву РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна (баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцар а, дIайохка ойла йоцуш уьш Iалашъяр а). Уголовни гIуллакхан материалаша гайтина ма-хиллара, гучу ца даьхна Асланан психикин цамгар хиларца доьзна долу дерриге а хьелаш.
Оццу хенахь амбулаторехь йинчу экспертизех тоам а бина, стационаран хьелашкахь психиатрин гIо деш йолчу медицинин учрежденехь суьдан-психиатрин экспертиза ца яйтина. Федеральни законодательство талхораш, уьш кхолладаларан бахьанаш дIадахар тIедиллина талламан урхаллин куьйгаллина. Ткъа ша уголовни гIуллакх республикин прокуратурин тергоне эцна.
Прокурора тIедилларца…
Нохчийн Республикин МВД-хь къастийра полицин Хьалха-Мартан кIоштахь йолчу отделан дознавательша уголовно-процессуальни законодательство талхош хиларан хьокъехь болу регионан прокуратурин лехам.
Таллам беш гучдаьллера бехкеваран кеп хила ма-еззара язйина хилла цахилар. Иштта лар ца йинера уголовни гIуллакхашкахула тешашка хаттам баран къепе. Талламан гIуллакха тIехь ишттаниг тардалийта йиш цахиларна тидам тIе а бахийтина, бехкеваран акт юхадерзийна иза нийса кечдайта.
Терго латторан органо бина лехам бух болуш лерина. Цунна хьокъала доллу жоп а делла. Ткъа Хьалха Мартан кIоштан полицин отделан шина дознавательна низаман таIзарш дина.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.НУКАЕВА
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо