«Дукхасибатийн Росси» конкурс

ГIезалойчохь дIахьош ду «Дукхасибатийн Росси» цIе йолчу Журналистийн схьайиллинчу XI-чу ерригроссин конкурсе заявкаш схьаэцар.

Россин Федерацехь дехачу халкъийн ламасташ а, Iадаташ а дендаран Iалашо а йолуш, «2014-2020-чуй шерашкахь ГIезалойн Республикехь къоман пачхьалкхан политика» кхочушъяран гурашкахь дIахьош ю и конкурс. Иза дIаяхьарехь гIо деш ю Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолу федеральни агентство.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю, Россин Федерацин законодательствоца нийса а догIуш, Россин Федерацехь регистраци йина йолчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн редакцийн.

Толамхошна дипломаш а, 6 декъехь ахчанан совгIаташ а лур ду (Гран-при – 500 эзар сом, 1-ра меттиг – 100 эзар сом, 2-гIа меттиг – 70 эзар сом, 3-гIа меттиг – 50 эзар сом).

Конкурсан толамхой бовзийтаран а, царна совгIаташ даран а мероприяти карарчу шеран эсаран (октябрь) баттахь Казанехь дIахьур ю.

Заявкаш хьаьттан (август) беттан 1-ра де тIекхаччалц схьаоьцу хIокху адресца: 420066, ГIезалойчоь, Казань, Декабристийн ур., 2-гIа цIа, 6-гIа гIат, 5-гIа чоь (шуьйрачу хаамийн гIирсийн отдел); e-mail – mnogolikaya2018@mail.ru, тел. – 8(843)570-31-12.

Конкурсах лаьцна дерг деша таро ю tatmedia.tatarstan.ru сайта тIехь

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: