Нохчийн Республикин пачхьене, Соьлжа-ГIалин ТЭС-чу гIишлошъяран майдана Siemens компанин газан турбина а, генератор а еана. Цу тайпана гIирсаш хIинца шолгIа беана Соьлжа-ГIала, кхул хьалха схьакхаьчнарш дIахIиттош бу. Цу хьокъехь хаам бина ТЭС-н проект кхочушъечу «Газпром энергохолдинг»-н пресс-службо.
«Соьлжа-ГIалин ТЭС яр чаккхене доьдуш ду. Шен-шен хенахь гIирсаш схьакхачоро билгалъяьккхинчу хенахь объектера белхаш чекхбохург хиларх тешадо тхо. Нохчийн Республикина оьшуш ю кхузаманан дика электростанци. ТIаьхьарчу шерашкахь электроэнергех пайдаэцар цхьанаэшшара алсамдолуш ду кхузахь. Нохчийчоьнан экономика кхиорна гIо дина ца Iаш, Россин къилбанан энергосистема чIогIа хиларехь а мехала дакъа хилла дIахIуттур ю керла ТЭС», – элира «Газпром энергохолдинган» коьртачу директора Федоров Дениса.
Газа тIехь болх беш йолу и ТЭС республикин пачхьенан Заводской кIоштахь еш ю, билггал аьлча – Соьлжа-ГIалин ТЭЦ-3 станци хиллачу кертахь. Нохчийн кхузаманахьлерчу исторехь хьалхара йолу ТЭС Россин Энергетикин цхьааллин системин юкъахь хир йолуш ю.
Парогазан ПГУ-230 олучу шина гIирсан буха тIехь еш йолчу ТЭС-н гIишлошъяран белхаш шина декъе бекъна бу. Хьалхарчу декъехь (2018-чу шеран аьхке чекхъялале) 180 МВт нуьцкъаллин №1 а, №2 а йолчу энергоблокашна лерина газотурбинаш йийр йолуш ю.
Энергонуьцкъаллица доьзна долу кхачамбацарш дIадахаран декъехь Россин Федерацин Правительствос кечйинчу программин гурашкахь дIахьош бу Соьлжа-ГIалин ТЭС яран белхаш. Программица нийса а догIуш, нохчийн ТЭС-н хьалхара блок болх бан йолалур ю 2018-чу шеран мангалан (июль) баттахь, ткъа шолгIа блок – 2019-чу шеран кхолламан (январь) баттахь.
Объектана финансировани «ГЭХ инжиниринг» юкъараллин («Газпром энергохолдингана» юкъайогIуш ю) чоьтах еш ю.
Д.Федоровс билгал ма-даккхара, Соьлжа-ГIалин ТЭС ярна хьажийначу финансийн барам 25-26 млрд. соьме кхочуш бу.
Дагадоуьйту ТЭС яран белхаш 2015-чу шарахь дуьйна дIаболийна хилар.
2016-чу шарахь, проектан механа юкъахь хийцамаш баран Iалашонца, белхаш совцийнера. Иштта, оццу шарахь, парогазан буха тIера станци, хьалхарчу муьрехь, газотурбинан буха тIе яккха сацам а хилира.
Карарчу хенахь объект яран декъехь къахьоьгуш 1 000 сов стаг ву. ТЭС йина яьллачул тIаьхьа, цигахь 300 сов белхан меттиг хир ю.
А.ВАХАЕВА
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо