Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада бIаьстенан сессин тIаьххьара, 53-гIа пленарни кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Соьлжа-ГIалин мэран декхарш ханна кхочушдеш волу Закриев ИбрахIим, кхиболу официальни нах.

Кхеташо дIайолаялале хьалха Нохчийчоьнан Парламентан спикера М.Даудовс бовзийтира керла депутаташ – Зайналабдиев Валид а, Донгириев Абубакар а.
Оцу дийнахь дийцаре дан юкъадиллинарг 86 гIуллакх дара. Цкъа хьалха депутаташа дийцаре дира, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместителан дарже Магомадов Iабдул хIоттош, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина сацам къобалбаран хьокъехь долу гIуллакх. Халкъан харжамхоша, цхьабарт хуьлуш, къобалдира I.Магомадов оцу дарже хIоттор.
Иштта, депутаташа республикин Счетни палатин Председателан заместителан даржехь чIагIвира Хутуев Iийса, республикин Счетни палатин №2 йолчу инспекцина куьйгалла деш хилла волу. Керлачу даржашка хIиттийнарш декъал а беш, церан балхахь кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар дIахаийтира Парламентан Председатела.
Цул тIаьхьа депутаташна хьалха къамел дира Нохчийн Республикин Къоман банкан урхалчас Тамаев Iийсас.
Цо дийцира 2017-чу шарахь банко а, кредитийн организацеша а бинчу балхах, 2018-чу шарахь дан леринчух лаьцна. Республикин Парламентан Председатела М.Даудовс кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу кредитийн учрежденийн подразделенийн куьйгалхошка кхайкхам бира жимачу а, юккъерчу а совдегараллина, инвестицийн санехь йолчу кхечу проекташна кредиташ даларехь кхин а жигара дакъалацар доьхуш.
Цул сов, кхеташонехь, тIаьххьара а йоьшуш, тIеийцира «Нохчийн Республикин Конституци юкъа хийцамаш балоран хьокъехь»; «Харжамаш дIабахьаран гIуллакхаш дIанисдеш а, гражданийн харжамийн бакъонашна кхачоеш а долчу Нохчийн Республикин цхьадолчу законодательни акташна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь»; «Нохчийн Республикехь муниципальни службин хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь»; «Нохчийн Республикехь индустриальни паркийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законна юкъа хийцамаш балоран хьокъехь»; «Нохчийн Республикехь социально-политикин планированин а, прогнозированин а хьокъехь»; «Нохчийн Республикехь (историн а, культурин а хIолламийн) культурин тIаьхьенийн объектийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законан 9-чуй, 10-чуй статьяшкахь хийцамаш баран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законийн а, конституционни законийн а проекташ.
Оцу законопроектех дукхахъерш кечйина республикин законаш федеральни законашца галморзахалла йоцуш хилийтаран Iалашонца.
Цуьнца цхьаьна йийцаре йира федеральни законийн проекташ, законодательни дIадолораш, Россин субъекташкара баьхкина кхайкхамаш.
БIаьстенан сессехь бинчу белхан жамIаш деш, Даудов Мохьмада билгалдаьккхира оцу муьрехь депутаташа 70 закон тIеэцна хилар, федеральни 872 проект а, законодательни цхьа дIадолор а къобалдина хилар, Парламенто 205 сацам тIеэцна хилар.
Законашна тIехь болх барца цхьаьна депутаташа жигара дакъалецира Нохчийчоьнан юкъараллин дахарехь.
Цара дакъа ца лоцуш цхьа а мехала гIуллакх дIа ца даьхьна республикехь. Цара боккха болх дIабаьхьна харжамхошца а.
Вай буьйцуш болчу муьрехь депутаташа тIеэцна 481 вахархо, 1 424 цхьаьнакхетар дIадаьхьна бахархошца. Цигахь дакъалоцуш хилла 70 эзар сов стаг. Цу хьокъехь хаам бира редакце регионан Парламентан пресс-службехь.
Д.АНАДЕВ
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо