Россин бахархой пенсе бахаран хан тIетохаран хьокъехь Россин Федерацин Правительствос кечйина йолчу законопроектана, шеца цхьаьна говзанчийн а, экспертийн а юкъараллаш а йолуш, кхитIе а хийцамаш бан лерина Россин Пачхьалкхан Думехь.
Россин парламентан лахарчу палатин (Пачхьалкхан Дума – авт.) Къинхегаман а, социальни политикин а, ветеранийн гIуллакхашкахула а йолчу комитетатан декъашхочо Бессараб Светланас дийцарехь, пенсин системехь хийцамаш бар чекхдаьллачу бIешеран 90-чу шерашкахь Россехь даьллачу «демографин ораца» доьзна ду.
Цунна хетарехь, оцу муьрехь дуьненчу бевллачу россихошка 60-чу шерашкахь дуьненчу бевллачу бахархошна пенсеш латтадалур дац.
Иштта, цо билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу 3 шара чохь Россин Пенсионни фондан хIора а шарахьлера дефицит 3 трлн. соьмал а лекха ю – тахана и ахчанаш Пенсионни фонде Къам беркате дахийтаран фондера кхочуш ду, ткъа цу фонде – мехкадаьтта дохкарца Россис доккхучу ахчанах.
Цундела, россихошна, кхидIа а, кхачам боллуш пенсеш латторхьама, бахархой пенсе боьлху хан тIетоьхна ца Iаш, «IиндагIехь» болх бечеран проблема а дIаккха езаш хиларх тешна ю парламентарий.
Дагадоуьйту, Россин бахархой пенсе бахаран хан тIетохаран хьокъехь Россин Федерацин Правительствос кечйина йолу законопроект асаран (июнь) беттан 16-чу дийнахь Россин парламентан лахарчу палате кхаьчна хилар.
Цуьнца нийса а догIуш, тIедогIучу 2019-чу шарахь дIаболийна, божарий пенсе 65 шо кхаьчча бахийтаран болх 2028-чу шарахь чекхбаккха богIуш бу, ткъа зударий 63 шо кхаьчча пенсе бахийтар – 2034-чу шарахь.
Законопроект ма-ярра евзинчул тIаьхьа, Change.org сайта тIехь и законопроект тIецаэран дехар деш, Россин Федерацин Президентана а, Правительствона а, Федеральни Гуламна а лерина петици а кхоьллина, цунна кхаьжнаш тийса буьйлабелира россихой – хIинцале цунна теснарг 3 млн ца кхоччуш кхаж бу.
Оцу петицин хьокъехь шайга динчу хаттарна жоп луш, Кремлан векалша тIахьуо билгалдаьккхира Россин Федерацин Президента пенсин системехь хийцамаш баран хьокъехь долу законопроект хIотторехь а, иза бахархошца я Iедалца йийцаре ярехь а, цунна талламаш барехь а дакъалоцуш цахилар.
Делахь а, бахархоша хIун бахахь а, Россин 11 субъектийн векалша (Алтай, Башкортостан, Буряти, Мордови, Чуваши, Хабаровскан край, Амуран, Калининградан, Кировн, Ленинградан, Тамбовн областаш) шаьш оцу хийцамашна, «уьш ма-барра», реза хилар а, кхин 17 субъектан векалша – «мелла а хийцамаш» бича реза хирг хилар а хаийтина.
Иштта, 24 субъектан векалш оцу хийцамийн хьокъехь шайггара хIумма а ала ца хIиттина, ткъа 14 субъектан векалша динарг а я аьлларг хууш дац.
КхидIа йисинчу субъектийн векалша шайн хетарг хIокху деношкахь довзийта лерина.