Кагерманов Докка вина 1933-чу шеран мангалан (июль) беттан 9-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь.
Оццу юьртарчу юккъерчу школе деша вахара Докка. Амма 1944-чу шарахь, вайнах махках бахар бахьана долуш, дешар юкъахдисира. Вайн халкъ махках доккхучу хенахь итт шо долуш хилла Докка. Доккин да шен лаамехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIаме вахана. Ткъа хIорш кхо бер а, ненанана а Итон-Кхаьллан кIоштан БIовла олуш хиллачу меттера цIерабехира. Казахстанерчу Акжар юьрта нисбелира хIорш.

Жимма хан яьллачул тIаьхьа, ненананас, ша кIелйиса йоьлча, шен ялар гергга ду аьлла хеташ, орца а даьккхина, ша а, хIара бераш а делча хуур дац аьлла, цхьана гуларехь болчу нехан сени чохь Iен дIадахара. Цига дIакхаьчна ши дей-буьйсий даьлча, йиша елира. Акжарехь кешнаш цунна каш доккхуш долийра. Цул тIаьхьа иза ца лайна ненанана а кхелхира. Доккий, цуьнан жимах волу ваший висира.
Казахийн уьйтIахь, цIера дIадаьхьначу истанга тIехь вижина вара и шиъ. Йовха хан ю иза. «Бисарка» сеялки тIехь аренга хIу дIаден воьдуш казах хуьлуш хилла. Иза дIаваханчу новкъа тIаьхьавоьдура Докка, охьабоьжна буьртиг карор барий те, олий.
Чена юкъа куьг хьаькхча, куьйгана хаабелла, кIан а, мекхан а буьртиг, мацалла са ца тохалуш, бага а тосуш. Уьш цIа а даьхьна меттахь висина волчу шен вешина дао хIоьттира.
Жима волчу цо, шега уьш ца даало, кхин «баппи лохьа» бохуш, куьг лоьцура. Доккас мичара лур дара иза. И буьртигаш дууш, ца дууш, буьйсанна дIавижина хIара шиъ.
ШолгIачу Iуьйранна, Доккина шен букъа тIехьа шелвелла ваша караво, хIокхо дIабелла буьртигаш гIевлингахь Iохкуш а долуш. Мацалла велла хуьлу иза. Казахийн маттера Акжар «илли» бохург ду. Доккас ма-баххара, «Iаьржа илли хилла» дагахь лаьтта цунна иза… КхоалгIачу классе ваьлча дуьйна нохчийн фольклор, иллеш, кицанаш лохуш, уьш дIаяздеш хилла ву Д.Кагерманов.
«ГIиргIизойчохь волчу хенахь, Дала ма леххара, тхуна юххехь хилла гIиллакх, Iадат, фольклор евзаш, хьекъал, кхетам болу дика нах. Царах дукхахберш беной бара. Арснакъин Халид, Бауди, Дауд. Цара йуьйцуш йолу вайн къоман турпалалла, гIиллакх-оьздангалла, яхь-юьхь, кицанаш, дагах кхеташ, сайн иэсехь латтийна аса», – дуьйцура юбиляра.
ГIиргIизойчохь сарралц колхозехь болх а беш, суьйренан школехь дешна. ХIорш болчуьра ши чаккхарма генахь хилла школа. Вайн халкъ цигара цIадерззалц йозанца цхьацца белхаш беш хан а яьккхина. Цигахь Iамийнарг цIа даьхкича цIахь чIогIа карийра.
… 1957-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа, харцонца махках даьккхина хилла нохчийн халкъ цIадан доладелира. Цуьнца цхьаьна арахеца долийра нохчийн маттахь арадолуш хилла «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») газет а.
Нохчийн меттан йоза-дешар хууш берш кIезиг хилла хан ю иза. Цундела газете дIаоьцура кхечу къаьмнийн векалш а. ХIетахь веана Кагерманов Докка редакце балха. Нохчийн маттахь нийса яздан хууш волу иза корректоран балха схьаийцира. Цул тIаьхьа литературин белхахочун, корреспондентан, жоьпаллин секретаран гIоьнчин белхаш бина цо. Шена тIебиллина муьлхха а болх хьанал а бина.
1957-чу шеран аьхка, цо дакъа а лоцуш, арахийцира газетан хьалхара номер. Оцу хенахь редакцехь болх беш хиллачу муьлххачу а корреспондентан текст шена тIехь къахьега дезаш хуьлуш хилла. Доккина дика карабирзина хилла и болх.
ХIораммо а шен-шен диалектехь, тайп-тайпана яздеш хилла дешнаш цхьана литературин кепе дерзадора цо. Оцу гIуллакхо дикка аттачу а боккхура газетан болх. Шен коллегийн тексташ нисйина ца Iаш, цо ша а язйора. Цуьнан статьяш, репортажаш, очеркаш шайна тIе тидам бохуьйтуш а, кIорггера чулацам болуш а хуьлура.
Динан а, дахаран-Iеран а, гIиллакх-оьздангаллин а, кегийрхой кхетош-кхиоран а маьIна долуш хуьлура уьш. Бусалба дин, гIиллакх-оьздангалла, адамалла, яхь-юьхь, къонахалла, комаьршалла, вайн къоман кхийолу дика амалш хьоьхуш хуьлура цуьнан статьяш. Уьш ерриге а шеца йолуш а ву Кагерманов Докка.
Д.Кагермановн дуьххьарлера кхоллараллин говзарш арайийлина «Хьалхара гIулчаш», «Къоначеран аьзнаш», «Iуьйренан аьзнаш» юкъарчу гуларшкахь а, «Орга» альманаха тIехь а.
1970-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь «Лаьмнашкахь бIаьсте» байтийн, 1976-чу шарахь берашна лерина «БIаьстенан беш», 1986-чу шарахь берийн дийцарийн «Iимран а, цуьнан доттагIий а» кхо гулар зорбане яьлла цуьнан. Докка тайп-тайпанчу жанрашкахь язъеш ву. Цуьнан проза а, поэзи а кIорггера чулацам болуш, атта кхетачу маттахь язйина хуьлу.
Дешархоша дика тIеоьцуш ю динехь долу дуккха а пайдехь хIума довзуьйтуш, бусалба дин дуьйцуш цо язйина статьяш. И тема гергара ю Доккина. Советийн Союз йолчу хенахь, коммунисташа дуьйцург бакъдеш лелаш хиллачарах къаьсташ хилла ву иза – ламаз-марха даггара лелош хиларца.
Дукха ю Д.Кагермановн берашна лерина говзарш а. Уьш зорбане юьйлу берийн «СтелаIад» журналан агIонаш тIехь. Жимачохь шен йиша-ваша хьоьстуш, царах ца къасталуш, хьоме хилла Доккина. Ша воккха хиллачул тIаьхьа и марзо дерриге а берашца йоькъу цо.
«Берийн бешана юххехула тIехволучу хенахь хьена ду ца хаахь а, «Дада, Воккха Дада» аьлла, сайна бераш тIехьаьвдича, царна дуьхьалвоьду со, – дуьйцура Доккас. – Сайн йиша-ваша, дийна а долуш, уьш гуш болуш санна, хета суна. Цаьрца къамел дар деза суна. Церан ловзарех самукъадолу. Атта хьастадалар а, атта вас хилар а бераллехь хуьлу дела, церан дог дохорах ларло. Берийн дагах кхетар долуш, церан иэсо дIалоцур долу хIума алалур дарий-те бохуш, цхьа могIа язбина а берийн доттагIалла а, цаьрца йолу марзо а лерина яздан гIиртина. Жималлехь шен чуьра дIа ларвеш, хIун мегар ду а, хIун мегар дац а хьоьхуш, кхио дезаш ду бераш. Доьзалехь кхетош-кхиоран болх уггаре а коьрта хила беза. Берашна хьалха маларца я озарца эвхьазло лело мегар дац. «Воккха хилча ша кхетар вара иза» бохуш, Iадвита мегар дац. Кхиъна ваьллачул тIаьхьа иза дакъазваларна кхерам бу. Ишттаниг хуьлуш гина суна».
Нохчийн къоман хаза гIиллакхаш а, амалш а йовзуьйтуш йолу материалаш дош хеташ а, доккха хIума хеташ а ву Докка.
Л.ИБРАГИМОВА
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 2018 шо