Пенсин системехь бан леринчу хийцамех лаьцна дийцира Шелковски кIоштахь

Шелковски кIоштан бахархошца дийцаре дира Россин Федерацин Правительствос пенсин системехь бан леринчу хийцамех лаьцна.

Бахархошца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира ерригроссин политикин «Единая Россия» партин республикехула йолчу отделенин секретаран заместитела, оццу партин республикехула йолчу кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Динаев Iадлана а, цуьнан заместитела Анасов Асхьаба а, Шелковски кIоштан депутатийн советан председатела, оццу советехь «Единая Россия» партин йолчу фракцин куьйгалхочо Наипов Бориса а, кхечара а.

Уггаре а хьалха вистхиллачу Динаев Iадлана дийцира пенсин системехь бан леринчу хийцамийн Iалашонех а, оцу хьокъехь шена хетачух а лаьцна.

Iаламат доккха социальни маьIна долу гIуллакх ду иза. Бахархошна хаа лаьа оцу хийцамийн Iалашонех лаьцна. Тахана, мел болчу аьлча нийса хир дац, амма дукхахболчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша оцу хийцамийн хьокъехь дуйцург цхьаъ ду – нагахь санна и хийцамаш тIеэцахь, Россин Федерацин бахархой пенсе боьлху хан тIекхетарг хилар. Амма цара ца жуьйцу я яз а ца до оцу хийцамашца а догIуш, бахархой пенсе бахаран хан тIекхетта ца Iаш, кхин дуккха а хийцамаш хирг хиларх лаьцна – пенсин барам алсамбалар, шена безаш болу болх алссам бан йиш хилар, и.дI.кх.а., – дийцира цо.

Цул тIаьхьа дош эцначу Дупенко Дениса, меттигерчу муниципальни белхахойн профсоюзан цIарах ша динчу къамелехь, дийцира Россин Правительствос пенсин системехь дагалаьцначу хийцамийн хьокъехь хетачух а, луучух а лаьцна.

Чаккхенехь «Единая Россия» партин векалша билгалдаьккхира оцу тайпа цхьаьнакхетарш республикин кхийолчу кIошташкахь а дIаяхьа лерина хилар а, цул сов, пенсин системехь бан леринчу хийцамийн хьокъехь республикин бахархошна хетарш схьагулдаран Iалашонца, леррина схьа а йиллина, болх беш Партин электронни почтин адрес (chechen-pensii@mail.ru) хилар а.

Цара чIагIо йира, республикин бахархоша оцу адреса тIе схьа мел тесна «хетарш» толлург хилар а, царна юкъахь уггаре а мехала а, бух болуш а дерш Партин кхочушдаран коьртачу комитете дIакхачор хилар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: