Дозанал арахьара махкахой дIасакхалхоран программина юкъаяхна Нохчийчоь

Дозанал арахьара махкахой дIасакхалхоран программина юкъаяхна Нохчийчоь. Цу хьокъехь долчу омрина куьг яздина Россин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс.

«Дозанал арахьара махкахой схьакхалхорна гIо-накъосталла даран программина юкъа Нохчийн Республика а, Кхарачойн-Чергазийн Республика а йохуьйтуш долчу правительствон омрина куьг яздина ас», – элира Медведев Дмитрийс Къилбаседа Кавказан федеральни округ социально-экономикин кхиорехула йолчу правительствон комиссин кхеташонехь.

Кхаа шарахь, 2018-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц, Нохчийчу 150 а, Кхарачойн-Чергазийчу 375 а стаг ву схьакхалха везаш.

«Уггаре а хьалха, лаккхара корматалла йолу говзанчаш а, регионан къинхьегаман декъехь оьшуш болу белхахой а бу уьш. И бахьанехь республикийн а, ерриге а округан а экономикина пайда хиларе сатуьйсу ас», – билгалдаьккхира Д.Медведевс.

А.ВАХАЕВА

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: