Стенах лаьцна дийцира районийн газеташа тIаьхьарчу кIирнах араевллачу шайн номершкахь? ХIун дара цара шайн газетдешархойн коьрта тидам тIебахийта леринарг? Кхочий уьш билгалйинчу Iалашоне?
Царах дукхах долчарна тIехь зорбатоьхначу материалаша тоьшалла до меттигерчу журналистийн шайн цигахь хуьлуш долчун дерригенан а бала кхочуш хилар, керланиг, юкъараллин маьIна лелош дерг адамашка сихха дIакхачор хаддазчу тергамехь латтош хилар.
Зорбатоьхначу материалийн хьесап деш тидамза ца дуьсу хIора газето а шен агIонаш тIехь хаъал меттиг республикехь долу юкъараллин-политикин хьал довзийтарна къастош хилар. ХIора редакцин дикачу ламасте дирзина республикин куьйгаллехь, юкъараллехь, Правительствехь хуьлуш болу коьрта хиламаш шайн дешархошна шуьйра бовзийтар, газетдешархочун алссам тидам тIегIон болу мехалниг хьалхарчу тIегIане даккхар. Билгалдаккха деза, меттигера хьал гайтарна эшам а ца беш. Иза бIаьрла гуш ду дІадаханчу кIиранчохь араевллачу номершка хьаьжча а.
Схьаоьцур вай, масала, Шуьйтан районан «Ламанан аз» газет. Хьалхарчу агIонан йоккхах йолу меттиг дIалуш, вайн хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина йолу материалаш зорбатоха йолорца юьхь дIайолийна газето «Бакъволу баьчча вара иза», аьлла йолчу М.Эскиевн материалаца, Ахьмад-Хьаьжас аьлла гоьдевлла дешнаш коьрте а хIиттош: «Тахана нохчийн халкъана оьшург барт бу, цхьаалла ю. Калашниковн автоматана, Макаровн тапчанна дуьхьал вай журналистан къолам, тIулгботтархочун бел а, аренашлелорхочун нох а даккха деза». Мел доккха ду оцу дешнийн маьIна! Тахана а ца яйна церан мехалла, халкъана некъ гойту къилба хилла дIахIиттина уьш!
Республикехь кестта хинболчу коьртачу хиламан – сентябрь болалуш вайн Парламенте – хинболчу харжамийн бала а кхочу газетана. «Теша лаьа 8-чу сентябрехь вай хоржу болу Парламентан депутаташ нехан баланаш а, гIайгIанаш а шайн лоруш хирг хиларх. И ду нахана оьшург, цара сатеснарг а» – яздо М.Тумсоевс хьалхарчу агIонехь зорбатоьхначу жимчу заметки тIехь.
Юккъерчу агIонаш тIехь дикка йоккха меттиг дIалоцу районан чоьхьара дахар гойтуш йолчу материалаша. Царах ю «ХIун гайтира талламо?», «Дийцаре дира къастийна цхьалхадаха дезаш долу гIуллакхаш, уьш нисдаран некъаш лехира».
Нохчийчоьнан а, районан а дахарехь мехала маьIна лелон долчу гIуллакхех лаьцна яздо Хьалха-Мартан районан «Маршо» газето шен хьалхарчу
агIонехь. Царах цхьаъ Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь адамийн бакъонаш ларъярехула йолу Кхеташо йилларан хьокъехь Кадыров Рамзана бинчу сацамах лаьцна болу хаам бу. Ткъа шолгIаниг – Хьалха-Мартан керла мэр хIотторан хьокъехь. ГIалин депутатийн Кхеташонан сацам а бу оццу агIон тIехь.
Районан дахарх лаьцна йолчу материалашца цхьаьна газетдешархочунна газетан агIонаш тIехь карор ю шен даго къобал еш йолу кхиерш а. Ша аьлча, прокуратурера хаамаш а, кху муьрехь шайн долахь даьхни долчара дан дезачух лаьцна болу хьехамаш а.
«Мел бийцарх, заманахь кхачалур боцуш, ахь вина сох, сан ненан мотт…», аьлла болу юкъара корта а болуш зорбатоьхна йолу Исраилов Сайханан стихотворенеш боккхачу лаамца йоьшур ю, аьлла хета поэзи езархоша.
Газето ца бицбина истори езархой а. Шина агIон тIехь зорбатоьхначу материалехь Россин Iилманан Академин малхбале йовзаран Институтан Iилманан белхахочо Курбанов Руслана схьайоьллу вайн историн цхьа агIо – гойту нохчийн халкъан дахарехь Шемалан имамато лелийна маьIна.
Газетдешархочун тидамза юьсур йоцуш дийнна цхьамогIа материалаш ю Нажи-Юьртан районан «Халкъан дош» газета тIехь а. Иза гойту дуьххьалдIа церан коьрте хIиттийначу дешнаша а. «Губернаторша Iаткъам баран рейтингехь хьалхарчарах меттиг дIалоцу Р.Кадыровс», «Зандакъахь схьадиллина маьждиг», Дагестанан делегаци цхьаьнакхийтира кхузахь бехаш болчу жІайхошца», «Декхарш кхиамца кхочушдо» (хьалхарчу агIон тIера материалаш).
Тайп-тайпана тематика йолу хаамаш а, статьяш а, корреспонденцеш а карор ю газетан кхечу номерийн агIонаш тIехь а: «Жигарабаккха беза кегийрхошца беш болу кхеторан болх», «Доьзалан денна лерина», «Доггах гIуллакх дира», кхиерш. Кхузахь тIе тидам бахийтича нийса хир ду аьлла хета шайн районерчу хьолан ерриге а агIонаш ма-дарра йовзуьйтуш йолчу материалашна оцу газето алсам меттиг ялар дика ламаст хилла схьадогIуш хиларна.
ХIара бIешо доладелчхьана хьалхе шайгара дIа ца хоьцуш схьабогIуш бу ТIехьа-Мартан районера латталелорхой. Бакъонца юьртабахаман тайп-тайпана алссам сурсаташ кхиоран коьрта меттиг хилла лаьтташ ю иза. Цунна кхин цхьа тоьшалла лара мегар ду дукха хан йоцуш районехь АПК кхиоран гуллакхашкахула дIаяьхьначу кхеташонера районан «Иман» газето елла материал. Авторан ницкъ кхаьчна цигахь билгалъяьхна хиллачу коьртачу меттигашна газетдешархочун тидам тIебахийта. Ша аьлча, пачхьалкхан бахамашна а, шайн керташкахь гIуллакх лелош болчарна а банко кредиташ даларан гIуллакхана.
ТIаьхьарчу шерашкахь оцу декъехь хаъал хийцамаш хиллехь а (цу тIехь сацийра, материалан автора билгалдоккхуш ма-хиллара, «Россельхозбанкан» меттигерчу офисан куьйгалхочо А.Чилаевс гулбеллачеран тидам), амма бахамашна а, шайн гIуллакх лелош болчарна а кредит эцарехь хIуьттуш йолчу дуьхьалонаша бахамлелоран гIуллакхаш кхиаме хиларна данне а гIо деш цахилар дара ерриге а ираллица билгалдоккхуш. Газето ша дуьйцуш дерг билггалчу терахьашца, бакъдолчаьрца тIечIагIдаро лакхайоккху оцу материалан мехалла, гойту кхолладелла хьал нисдаран некъаш.
Меттигера журналисташ гIуллакхана оцу кепара тIебахаро газет шен коьртачу декхарца ларорна гIо до аьлла чIагIдан йиш ю. Кхин цхьаъ ду билгалдаккха лууш. Газетан агIонаш тIехь алссам тидам тIегIон болу материалаш хIора номерехь хилийта гIерташ хаддазчу лехамехь ю редакцин коллектив.
«Масех шо ду Лорсанов Асламбекан куьйгаллица «Наурский» бахам хаъал лакхарчу гайтамашка кхочуш болу. Невран районан культуран отделан куьйгалхочо Хожиева Зинас дIадолорца культурин белхахой оцу бахаман аренан станехь хилира, – яздо оцу районан «Невран бакъдерг» газето. – Концертан программа дIайолийра Хожиевас «Сан Даймохк», «Нохчийчоь», «Сан сирла седа», эшаршца. Цул тIаьхьа концертан программа шайн кара ийцира Рахмаева Раисас (Чернокозово юьртан СДК-н директор), Парсанова Таисас (Ищерски станицан СДК-н куьйгалхо), Алпатово станицан СДК-н хелхарчийн тобано. Хьалхелелорхойн цIерш а йохуш, дIалекхира эшарш. Оцу кепара цхьаьнакхетар вовшахтохарна концерт чекхъяьллачул тIаьхьа бахаман аренашлелорхоша баркалла элира культурин белхахошна».
Юьхьанца хьаьжча башха доккха гIуллакх ца хета газето айъинарг (сан къоналлин хенахь ишттачу муьрашкахь хIора дийнахь хуьлуш хилларг ду иза) – культбелхахой адамаша сихачу муьрехь къахьоьггучу ара а баьхкина, концерт хIоттийна. Амма ойланашка ваьккхира со оцу хаамо. Дан а ма-ду иза церан белхан декхарех цхьа дакъа, церан хIора дийнан гIуллакх… нагахь хIора дийнахь деш делахь, культуран хIора цIийнехь (аса дуьйцуш долчу шерашкахь-м дукха хьолахь клубашкахь дIахьора и болх) кехаташ тIехь хилла а ца Iаш, билггал гIуллакх деш исбаьхьаллин самодеятельностан коллектив елахь.
Схьалаца шайна республикера муьлхха а район. Тахана-м, схьахетарехь, атта карор вац буьртиган ялташ чудерзоран берриге а муьрехь, билггалчу бахаме кхача шайн график а йолуш, ченалахь дохкуш долчу адамашна хьалха, цара садоIучу миноташкахь лектора дуьненарчу хьолах лаьцна керла дош олуш, агитбригадаша концерташ хIиттош хилла зама дагайогIуш верг. Аренашкахь бекначу мукъамаша комбайнерийн а, механизаторийн а мел чIогIа самукъадоккхура, мел чIогIа дог-ойла гIаттайора бохург хьехо оьшуш а дацара.
ДIаяхана и зама. Тахана, аьхкенан аренашкахь белхаш кхехкаш болчу муьрехь, ца хеза къоначийн зевне аьзнаш, самукъане забарш, ца го чIогIа самукъадаларна хазчу йоIаца хелхаран бал баккха юкъаэккхаш волу вайн рицкъана араваьлларг. Ма-дарра аьлча, культурин белхахошна тахана ара боьду некъ мичахь бу а ца хаьа, ткъа агитбригада-м хьехочохь а дацара. Цундела дегайовхо кхоллало дIадахана диканиг, ширделла аьлла хеташ дерг карладаккхаран новкъахь, газето гIо а деш, неврахоша дIайолийна юьхь шен дика тIаьхье йоцуш юьсург цахиларх…
Л.МАГОМАЕВ