Республикин бахархошна дикачу а, кхерамазчу а сурсаташца кхачояран гIуллакх дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо дIаяьхьначу кхеташонехь дакъалецира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан председатела Усмаев ВахIита, Соьлжа-ГIалин мэран декхарш ханна кхочушдечу Закриев ИбрахIима, «Россельхознадзоран» а, «Роспотребнадзоран» а куьйгалхоша, министраша, кхечара.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин теплицийн бахамашкахь магийна йоцу дIовш-химикаташ лелош ю бохуш, социальни сеташкахь эладитанаш даьржина хилар. Цуьнан тIедилларца оцу декъехь таллам дIабаьхьнера. Оцу гIуллакхна леррина комисси а кхоьллинера.
Нохчийн Республикин юьртан бахаман министра Дадаев Мусас, Нохчийчохь юьртабахаман сурсаташ кхиоран декъехь карарчу хенахь долу хьал довзуьйтуш, доклад йира. Цо хаам бира республикин берриге а теплицийн бахамашкара лаьттан а, кийча долчу сурсатийн а дакъош схьа а эцна, вайн мехкан тоьллачу лабораторешка талламбан дIахьовсийна хиларх лаьцна. Талламаш бинчул тIаьхьа цхьа а талхор гучудаьлла цахилар а хаийтира цо.
«Вайн республикехь тайп-тайпанчу кIошташкахь теплицийн бахамаша дIалаьцна 975 гектар латта. Царна массарна а таллам бина. Оха леррина комисси кхоьллинера, цуьнан декъашхоша республикехь болчу берриге а бахамашкахь лаьттах а, дIовш-химикатех а, сурсаташ лардечу молханех а талламна жим-жима дакъош схьакъастийнера зIийдигаш дIаюьйгIучу хенахь. Цул тIаьхьа, хIутосург (май) баттахь, хасстоьмаш, стоьмаш хьала ма-девллина, изза таллам дIабаьхьна. Цхьана а кепара талхораш гучу ца девлла. Магийначу барамашкахь лелош, кхиош ду дерриге а сурсаташ, пайдаэцархойн могашаллина зене хир долуш а дац», – элира М.Дадаевс.
Ветеринарин а, фитосанитарин а терголатторан федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Даудов Асланбека а, Хьаштахойн бакъонашларъяран а, адамийн дахарехь аьттонаш баран а декъехь терголатторан федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Термулаева Ритас а дийцира шайн-шайн ведомствоша Нохчийчохь кхиош долу сурсаташ талларехь бечу балхах лаьцна.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана, билгалдаьккхира социальни сеташкахь ма-дийццара, помидорех я наьрсех дIовш, я ун даьлла Нохчийчохь цхьа а меттиг гучуяьлла цахилар.
Кадыров Рамзана дийцарехь, дIабахьначу талламаша гайтина вайн республикехь деш долу сурсаташ уьнах цIена хилар.
«Вайн стоьмаш, хасстоьмаш, муттанаш Нохчийчохь доьхкина ца Iа. Кхузахь кхиош долу юьртабахаман сурсаташ вайн мехкан тайп-тайпанчу регионашкахь, Москвахь а, кхийолчу яккхий гIаланашкахь а цхьаьна, хьашто йолуш а, дика цIе йоккхуш а ду. Иштта, дозанал арахьа а девза уьш. Амма, уьнах цIена долу вайн сурсаташ нахана хьашт цахиларе сатуьйсуш, хIуьттаренна питане эладитанаш даржош берш бовлу», – элира республикин Куьйгалхочо.
Цо билгалдаьккхира харц хаамаш баржош болу нах административни жоьпе озориг хилар.
А.ХАСБУЛАТОВА
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо