Мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь Нохчийчохь билгалдаьккхира Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) вина де. Коьрта даздарш дIадаьхьира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу Соьлжа-ГIаларчу доккхачу маьждигехь.

Цигахь вовшахкхеттарг лаххара а 600 стаг вара. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Абазов Рустам, Соьлжа-ГIалин къеда Ильясов Адам, Кишин Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волу ИбрахIиман Сайфудди, Мубарик-Хьаьжин мурдаш, кхиберш.
Кхузахь вовшахкхеттачарна хьалха къамел деш Межиев Салахь-Хаьжас а, ИбрахIиман Сайфуддис а, кхечара а дийцира Кишин Кунта-Хьаьжин дахарх а, цуьнан тамашийначу кхолламах а, Дала цунна делла хиллачу караматех а, кхечунах а лаьцна. Билгалдаьккхира Кунта-Хьаьжин а, кхечу эвлаяийн а беркат тахана Нохчийчоьнах, нохчийн халкъах хьерчаш хилар.
Цул тIаьхьа маьждига чохь мовлад дийшира Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош. ДоIанца иза дерзийча, маьждигана хьалхарчу майданахь Хьаьжин мурдаша зуькар дира. ЧIагаре хьийзачарна арахь йолу йовхонан бурко хаалуш йоцуш санна хеталора. Оццул шовкъе дора мурдаша зуькар. Иза маьркIажан хан герга кхаччалц лаьттира.
– Тахана, мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь, вай даздеш дерг вайн сийлахь устаз Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) дуьнен чу ваьлла доккха де ду. Тахана республикерчу дерриге а маьждигашкахь вовшахкхеташ бу устазан мурдаш. Шайн устаз дага а лоцуш, назманаш олуш, зуькарш деш, Далла хастамаш беш Iамалш еш бу Хьаьжин мурдаш. Баккъал а, боккха болх бу хIара, – бохура муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Бан а бу. Оцу ойланехь чIагIвора зуькаран чIагаре хьийзачу мурдийн серлаевллачу, екхаеллачу яххьаша. Уьш хьан-хьанна а довза йиш йоцчу дуьненахь хетара, хIокху дуьненан белхашца йолу зIе хада а йина. ХIаъ. Хетара. Цунах кхетархьама, зуькаран чам бовза беза…
Эвлаяъ Кишин Кунта-Хьаьжа вина де билгалдаккхарехь дакъалаца баьхкинчарна гайта «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь гайтаме охьаехкина яра устазан ассараш. Царна юкъахь яра цо лелийначу духарх йолу хIуманаш, байракх, цуьнан Iаса, кхиерш.
БIаьргаш чу хIиттина хиш дIа а хьоькхуш, хьуьйсура цаьрга Хьаьжин мурдаш а, даздаршка баьхкина кхечу устазашца ваIда йолу бусалбанаш а.
С. ХАСАНОВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо