Имадаев Муслим а, Яндаров Илес а – дуьненан чемпионаш

Мангалан (июль) беттан 2–8-чуй деношкахь Хорватин пачхьенехь Загребехь дIаяьхьира 18 шо кхачаза болчу кегийрхошна юкъахь паргIатчу а, греко-римски а кепарчу Дуьненан чемпионат.

ТIаьхьарчу хенахь ламаст хилла схьадогIуш ду Европин а, Дуьненан а чемпионаташкахь дакъалоцуш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара вайн къоман векалш хилар.

Иштта, Загребехь дIаяьхьначу чемпионатехь, греко-римски кепарчу охьатохархлатарехь, хьалхара меттиг яьккхина вайн махкахочо Имадаев Муслима. Иза Тверан областан сий лардеш вара цигахь.

Шайн йозалла 65 кийла йолчу спортсменийн финалан латарехь, жамI (3:0) долуш эрмалочунна Хачатрян Шантуна тIехь толам баккхарца, дуьненан чемпион хилла Муслим. Финале валале М.Имадаевс японахо Согабен (12:6), литовехо Кесаниди – (10:0), ГIажарийчуьра Гасеми Хоссейн – (8:3), Гуьржийчуьра Аманидзе Хвиша – (7:5) эшийна.

Оццу чемпионатан уггаре а яйчу категорехь (45 кг) финалан 1/8 а , 1/4 а дакъошкахь ГIажарийчуьрчу а, Узбекистанера а спортсменаш эшийна хенал хьалха толамаш бехира Яндаров Илеса. Цул тIаьхьа цо эшийра Болгарера Назарян Эдмонд (4:0).

Финалехь украинхо Завертайло Геннадийна тIехь толлам баьккхина (17:7) дуьненан чемпион хилира вайн махкахочух.

Л.ДАУТОВА

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: