ТIаьхьарчу масех баттахь социальни сеташкахь шуьйра дийцаре деш ду налогийн органаша банкашкахь йолчу бахархойн чоьташна а, цара вовшашна дохьуьйтучу ахчанашна а таллам а, терго а яр алсамдоккхург хилар.
Цуьнца доьзна, Налогийн федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхалло хаам бо Россин Федерацин банкашкахь йолчу бахархойн чоьташна тIехь терго яр алсамдаккха а, иштта, цара вовшашна дохьуьйтучу ахчанашна налог хIотто а лерина цахилар.
Цул сов, мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна налоговикашна Россин Федерацин банкашкарчу бахархоша чоьтийн (цхьана чоьта тIера кхечунна тIе – авт.) гIоьнца вовшашна ахчанаш дахьийтар тергонехь латто а, цунна таллам бан а «еллачу» бакъонан хьокъехь аьлча, нохчийн налоговикаша хоуьйту и бакъо 2014-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь (РФ-н НК-н 86-гIа ст.) дуьйна хилла хилар.
Делахь а, налоговикийн пресс-службо хаам барехь, асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Россин Налогийн кодексехь, аьлча а, цуьнан 86-чу статьяхь хийцамаш бина.
Оцу хийцамашца нийса а догIуш, Налогийн гIуллакхаллин белхахошна бакъо елла Россин Федерацин бахархоша «дезачу аьчкех» пайда а оьцуш схьайиллинчу чоьтах лаьцна хаамаш банкашкара беха.
Мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь «бинчу» хийцамех а, шайна «еллачу» керлачу бакъонех а лаьцна нохчийн налоговикашна хууш хIума дац.
И.ИСЛАМОВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо