Скайраннингехула йолчу чемпионатехь кхерамазалла ларйина

Нохчийн Республикин Шуьйтан кIоштахь дIаяьхьна скайраннингехула йолу «Ирхнехьа некъ» («Вертикальный километр») регионан чемпионат.

ХIун бохург ду скайраннинг? Иза лаьмнийн меттигашкахула эзар метр лакхаволуш вадар ду. Шуьйтан кIоштахь дIаяьхьначу хьалхарчу схьайиллинчу чемпионатехь дакъалецира бIе стага, шайна юкъахь бераш а долуш.

Оцу спортан къийсадаларийн кхерамазалла ларъеш бара Нохчийн Республикин пачхьалкхан цIеяйъархойн а, Федеральни цIеяйъархойн а Нохчийн Республикехь йолчу службийн белхахой. Царна гIо деш бара Ерригроссин кIелхьардахархойн студентийн корпусан волонтераш.

ЦIеяйъархой а, волонтераш а вовшашна юкъахь бIе метр йолуш дIахIиттина бара. Оцу гIуллакхна юкъаозийна 10 стаг а, 2 техника а яра.

Къийсадаларш дIахьочу хенахь цхьа а бохам ца хилла.

Л.ДАУТОВА

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: