Берийн библиотекехь могашалла ледара йолчу берийн хьашташ кхочушдаран отделехь заьIап берашца жигара болх бо. Иштта, дукха хан йоццуш «ДоттагIалла лело а, дахарх цхьаьна даккхийден а» проектан гурашкахь заьIап берашна «Туьйранийн хьаьрмахь» туьйранца дарба дира. Могашалла ледара йолчу берашца цхьаьнакхетар дIахьош яра отделан куьйгалхо Домбаева Аминат.
Берашна хаза кхаъ хиллера шайна туьйранаш деша а, шайца цхьаьна хан яккха а библиотекин ешархой, волонтераш баьхкина хиларх.
ЗаьIап бераша а, ешархоша а уггаре а девзаш долчу берийн «Колобок», «Терем-теремок», «Гуси-лебеди», «Красная шапочка» туьйранийн турпалхойн ролаш вовшашна екъа а екъна, туьйранаш дийшира.
Туьйранаш доьшучу хенахь, бераш кхетара, муьлххачу а туьйрано «дика» а, «вон» а довзуьйтуш хилар. Масала, «Колобок» туьйрано берашна гойту, де-нене ла ца доьгIча берана хьовзам болуш хилар.
Туьйранаш дешначул тIаьхьа, берашна юкъахь «Волшебный ларец» викторина дIаяьхьира. Оцу викторинехь заьIап бераша гайтира, берийн туьйранаш а, церан коьрта турпалхой а, церан кхолламаш а шайна дика бевзаш хилар.
Домбаева Амината дийцарехь, заьIап берашна къаьсттина дика тIеIаткъам бо туьйранаш дешаро. Амината хаийтира, «Туьйранийн хьаьрмахь» кест-кеста туьйранашца дарбанаш лелор дIадахьа шаьш дагахь хилар.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: Домбаева Аминат а, бераш а
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо