Оцу суьйранна Соьлжа-Г1алахь тийна дара.
Белхашкахь болу нах ц1абирзинера. Х1ора суьйранна санна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу проспектехь «Гранд-паркана хьалха шайн г1арол д1ахьош бара пачхьалкхан инспекцин ДПС-н, ППС-н а белхахой. Цу комплексана хьалха лаьтташ йолу машенаш кхечанхьа х1иттае аьлла, водительшна т1евахара ДПС-н инспектор Газимагомадов Мохьмад. Иза шен накъостаца Хабусиев Рукъманца вара цигахь г1арол деш. Ах сахьт даьлча, балхара волуш вара и шиъ. Ц1еххьана раци чухула кхаьрга хаам кхечира, таксисташкара схьаяьхначу машенашкахь, герзах боьттина, Соьлжа-Г1ала бог1уш бандиташ бу, аьлла. Дукха хан ялале, шина инспекторна «Минутка» йолчу аг1ор хьара чехка схьайог1у машенаш гира. Новкъахь шайна дуьхьал нислуш хиллачу болу полицин белхахошна герз тухуш, схьабог1уш хиллера уьш. Цу хенахь, некъан кхечу аг1ор, патрульни машен юххехь лаьтташ хилла Рукъман, шеца волчу шина ППС-н инспекторца, бандиташна т1аьхьа д1ахьаьлхира. Цаьрца цхьаьна ваха дагахь хилла волу Мохьмад, т1аьхьа мохь беттачохь висира. Кхечу машен т1ехь накъосташна т1аьхьа вахана Мохьмад… т1аьхьависинера.
Шаьш гучудевллий, шайна т1аьхьаяьлла полици юй хиъначу зуламдайша Кадыровн, Исаевн проспекташ къаьстачохь, машенаш чуьра охьа а лилхина, постехь лаьттачу а, шайна т1аьхьабевллачу а полицин белхахошна герзаш туьйхира. Делан мостаг1аша тешнабехкаца 4 полицейски вийра. Царах цхьаъ вара 37 шо долу Веданара Хабусиев Рукъман. 37 шо дахарехь уггаре а хаза хан. Доьзал а кхуллий, бахамах а хотталой, берийн кхиамех воккха а веш, дуьненах самукъадолу хан ю-кх иза.
Рукъманан ден Рахьманан а, ненан Яхитин а доьзалехь диъ бер дара. Царна юккъехь къаьсташ вара Рукъман. «Цунна дукхадезара дешар, хьалхе 1емира книга еша а. Шел кегийчара урокаш еш, царна юххе охьа а хуъий, толлура цара беш болу церан болх. Рукъманна ч1ог1а ца езара харцо. Иза гуттар а юрист хила лууш вара», – бохура цуьнан дас.
Хиндерг хууш санна, дений-нанний ца дийзира к1анта ша милице балха воьдуш ву, аьлча. Иза дара 2002-чу шарахь. Хала а, чолхе а зама яра иза. Т1еман хиламаш чекхбевллера, амма бандиташа тешнабехкаца нах бойъура. Уьш, дукха хьолахь, 1едалан белхахой хуьлура. Ткъа милицин Кийрахь къонахчун дог долчо бен т1елоцур доцуш долу дукъ дара Рукъмана шена т1елаьцнарг. Иза махкана г1ароле х1оьттира. Цо шен харжамна резадира да-нана.
2002-чу шарахь Хабусиев взводан командир х1оттаво. Оцу хенахь иза заочно доьшуш вара Ростоверчу МВД-н лакхарчу дешаран заведенин юридически факультетехь. Майраллица а, доьналлица чекхвелира иза командиран даржехь. Рукъман балхахь лорура, цунах тешара, б1обулулура. Бакъду, ненан дагт1ера сингаттам цкъа а д1а ца болура. Шайх 1итталуш долу х1умнаш ца хоуьйту к1анта нанна. Гуттар а цуьнан сатедора цо, хьоьстура, дог оьцура. Иштта чекхделира итт шо. Дукха хьолахь, лаьмнашкахь болх бинчу Рукъманна, ца гуш х1ума ца дисира. «Уггаре а халаниг, накъостех къастар дара, цул т1аьхьа церан дений-нанний хьалха х1оттар дара», – олура Рукъмана. Цунна шен бехк болуш санна хетара, шайн накъост д1аваьлча.
Рукъман Соьлжа-Г1ала балха вахча сапарг1ат даьллера к1ентан ден-ненан а, х1усамненан а. Милана Рукъмана ялийна 4 шо дара. «Лаьмнашкахь цо болх бечу хенахь, масех де а долура, з1е ца хиларна, телефон тоха йиш йоцуш. Х1ора ламазехь ас а, мамас а, Деле воьхура иза могаш-маьрша ц1а ваийта, бохуш. Амма, цунна Дала дуьнен чохь яккха елла хан кхин ца хилла-кх», –йоьлхура Милана.
Рукъманан ши к1ант висина. Цхьаьннан – 3 шо, вукхуьнан-цхьа шой, биъ буттий бу. Уьш х1инца а ца кхета шайна хиллачух. Воккхахволчу Халида кест-кестта хотту нене, да ц1а маца вог1ур ву, олий. Т1аккха телефон схьа а оьций, дега телефон туху кеп а х1оттайой, шена мерза х1умнаш я олу…
Б.ДУДАЕВА