А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь «Хиллачу тIаме гIулч» иэсан сахьт дIадаьхьира. 1943-чу шеран мангалан (июль) беттан 5-чу дийнера хьаьттан (август) беттан 23-чу дийне кхаччалц Курскехь тIом дIабаьхьна 75 шо кхачарна лерина дара и сахьт. Цигахь дакъалоцуш бара лаккхарчу дешаран заведенешкара студенташ, Соьлжа-ГIалин школийн лакхарчу классийн дешархой, библиотекин книгашъешархой.

– Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам герга кхачош, Курскехь мостагIашна дуьхьал 50 дийнахь латтийначу къийсамехь советийн цIечу эскарша немцойн фашистийн 30 дивизи хIаллакйинера. 75 шо хьалха Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь шайн дахар а ца кхоош, Даймехкан дуьхьа эгначеран цIерш йицъян йиш яц вайн, – элира библиотекара Куркаева Мадинас.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман истори жимма йовзийтинчул тIаьхьа, тIеман турпалхошна лерина байташ йийшира библиотекин ешархоша. Цул тIаьхьа, Курскехь хиллачу тIамехь эгначу цхьаболчу турпалхойн цIерш ехира. Иштта, гулбеллачарна йовзийтира «Курскан тIом: 50 де а, буьйса а» цIе йолчу гайтаме йиллина тIеман литература. Гайтам шина декъе бекъна бара: «Генарнаг а, юххернаг а», «Дозанал арахьа – турпалаллин тIом».
Хьовсархойн кхиэле бехкина бара маршалан Г.Жуковн а, С.Исаевн а, В.Замулинан а белхаш а, тIеман дакъалацархойн йозанаш а, оцу хенахьлерчу газетийн, журналийн агIонашна тIера статьяш а, публикацеш а.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархошна, къаьсттина кегийрхошна шаьш тIеман муьре кхаьчча санна хеталора. Библиотекин белхахоша иза иштта хилийтархьама доггаха къа а хьегнера.
– ХIара таханлера цхьаьнакхетар вайн тIекхуьучу чкъурехь патриотизм кхиорна лерина ду. 75 шо хьалха турпалаллица эгначу тIемалойн цIерш а йохуш, истори карла а йоккхуш, кегийрхошна кхин а цкъа а хаийтира, Даймохк а, цуьнан маршо а шен дахарал а чIогIа еза езаш хилар. Кегийрхошна йовза еза шен къоман истори, тIаккха бен кхуьур яц цаьргахь яхь, майралла, патриотизм, – билгалдаьккхира Куркаева Мадинас.
Цул тIаьхьа Курскехь хиллачу тIамах лаьцна кечйинчу фильме (проектора тIехь) хьовса таро хилира гулбеллачеран.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо