Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан М.Миллионщиковн цIарахчу мехкадаьттан техникин университетехь дешна бевллачу студенташна цIен дипломаш дIаделира даздаран хьолехь.
Университет чекхъяккхарца уьш декъалбан веанера «Чеченгазпроман» генеральни директор Баймурадов Лом-Iела, Нохчийн Республикин финансийн министран заместитель Аддаев Абубакар, республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитель Ибахаджиев Хьасан, кхиберш.
Университет кхиамца чекхъяккхарца студенташ декъал а беш, вистхилира университетан ректор Таймасханов Хьасан.
– Таханлера де цхьана агIор самукъане ду, ткъа вукху агIор гIайгIане а ду, хIунда аьлча, шуна, цхьана дийнахь, хIокху университетан дахарх къаста хала ду. Шун цIечу дипломашка хьаьжча гуш ду, аш, университетехь доьшучу хенахь, къахьегна хилар. Вайн махкахь бевзаш нах а хилла дIахIиттина кхузахь дешна хилла студенташ, масала, Хучиев Муслим, Тумхаджиев Iийса, кхиберш. Тхуна иза доккха дозалла а хета. Иштта, аш а шайн дахарехь хьакъйоллу метигаш дIалоцург хиларх теша тхо, лаьа, кхузахь гулдинчу хаарша шуна гIо дойла. Вайна ма-хаъара, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешарна а, кегийрхойн кхиорна а тIехь йоккха терго латтайо. Берашка дешийта а, кегийрхошка Iилманехь къахьегийта а хьелаш кхоьллина, – элира цо.
– Аш чекхъяьккхина йолу университет дозанал арахьа а дика евзаш ю. Кхузахь цIен дипломаш а дохуш, аш дешна хиларо гойту, къахьега а, хааршка кхийда а шу кийча хилар. Со тешна ву, шаьш хаьржинчу новкъахь дика говзанчаш а хилла шу дIахIуьттург хиларх, – бохура Л.Баймурадовс.
Шен къамел дерзош, цо хаийтира цIен дипломаш даьхначу студенташна юкъара кегийрхой балха схьаоьцург хилар.
Цул тIаьхьа дешна бевллачарна даздаран хьолехь дипломаш дIаделира.
З.КУНТАЕВА
Суьрта тIехь: дешна бевллачарна дипломаш ду дIалуш
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 13-гIа де, 2018 шо